Ставрополерчу полицино лоьху жима стаг лаьцна Нохчийчохь
![Ставрополерчу полицино лоьху жима стаг лаьцна Нохчийчохь](https://gdb.rferl.org/9F932EF7-A672-4519-AB86-A9175A16ABDB_w800_h450.jpg)
Низамаш лардон органаша лоьхуш хилла жима стаг лаьцна Нохчийчохь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллан бехктакхаман лехаман урхаллан белхахоша. Иза ву 1991-чу шарахь вина Гикало эвлара вахархо.
Иза лехаме велла хилла Ставрополерчу номер 1 йолчу полицин декъо. Цу стагана бехке дуьллуш ду къола дар. Карарчу хенахь лоьхуш хиллачуьнгара кехат даьккхина цIера дIасавера вац аьлла.
Таллам бу дIахьош.