Дагестанца доза билгалдаккха ХIинжа-ГIала кхаьчна Даудов
Нохчийчоьнан парламентан гIантда Даудов Мохьмад белхан визитца кхаьчна Дагестанан коьртачу гIала ХIинжа-ГIала. Цунах лаьцна хаам бина "Нохчийчоь тахана" агенталло.
Даудов къамел дан дагахь ву Дагестанан Халкъан гуламна хьалха. Цхьаболчу хаамашца, визитан Iалашо ю шина республикан административан доза билгалдаккхуш маслаIатан комисси кхолла.
"Нохчийчоь тахана" агенталло яздарехь, цкъачунна хууш дац Даудов Дагестане вахаран бахьана.