2018-чу шарахь 500 интернет-ресурс дIакъевлина Нохчийчоьнан прокуратуро
500 интернет-ресурс дIакъевлина Нохчийчоьнан прокуратуро 2018-чу шарахь. Иштта интернетана мониторинг еш прокуратуран белхахошна гучуяьлла шен цIахь лелха хIуманаш муха йон дуьйцуш а, Делах теша нах а, дин а сийсаз дан гIерташ а арахецна материалаш.
И бахьана долуш 506 лехам хьажийна прокуратуро кхелашка. "Нохчийчоь Царах 504 лехам бух болуш карийна кхелахошна.
Нохчийчуьрчу кхелаша бина сацамаш кхочуш бина Роскомнадхор урхалло, яздо "Нохчийчоь тахана" хаамийн агенталло.