Тоьхна хан яккха Нижний Тагилерчу набахте дIакхачийна Хамхоев Тимур
![Тоьхна хан яккха Нижний Тагилерчу набахте дIакхачийна Хамхоев Тимур](https://gdb.rferl.org/5DF3C17E-CA75-4EFC-9CC8-785ADC9735D9_cx0_cy7_cw0_w800_h450.jpg)
Къизаллаш лелорна набахтехь даккха 7 шо хан тоьхна экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ) хьалхо хилла куьйгалхо Хамхоев Тимур Нижний Тагил гIаларчу колони кхачийна. Маршо Радионо яздира, Товбеца-баттахь Нальчикерчу кхело Хамхоевна а, цуьнца цхьана болх беш хиллачарна а хенаш кхайкхорах, лецначарна тIехь ницкъбарна.
ЦПЭ-н куьйгалхочунна Хамхоев Тимурна 7 шо хан туьйхира, Центран декъан куьйгалхочунна Безносюк Андрейна 6 шо кхайкхийра. Хамхоевн гIовсна Хандогин Сергейна арахь даккха 3 шо делира, 10 шо дIакхайкхийра чохь даккха Беков Алиханна.
Кхин а кхаа полисхочунна кхаа шарера пхеа шаре гергга хенаш туьйхира набахтехь яккха.
Шена тоьхна хан яккха Нижний Тагиле дIакхачийна Хамхоев аьлла, хаамбина цуьнан адвокато Сабинин Андрейс.