"Яндекс": Нохчийчуьрчу бахархойн гIенашкахь – Путин
"Яндекс" компанино бинчу талламашца, Нохчийчуьрчу бахархошна дукха хьолахь гIенах Путин го. Бахархоша шайна гуш долу гIенаш толлуш, Яндексехула лоьхучу жоьпашна тIехь хIоттийна статистика ю иза. Цу бух тIехь зийна Яндексан говзанчаша, кеп-кепарчу регионашкарчу бахархошна гIенаш гар.
Челябинскан кIоштарчу нахана метеориташ го, Курскан, Липецкан, Орловн, Рязанан а кIошташкахь динах гIенаш го.
ГIирмерчу бахархошна хIорд, тулгIенаш, дельфинаш го, Ставрополехь бехачарна боча бIараш, туьркаш го, Москохан бахархошна метро, ткъа Петарбухарчарна а го метро а, Iаьржа баьллаш а.
Нохчийчуьрчу бахархошна кест-кеста гIенашка вогIу Путин Владимир аьлла ду "Яндексан" хьесапаш.