Магасехь митингехь хиллачарна тIехIоттарна гIуда тоьхна гIалгIайн муфтийна
1еламнехан кхеташонан декъашхоша федералан Iедалхошка лурчаха хиллачу протестийн лидерш маьршабахар дехарна, ГIалгIайчуьрчу Магасан кхело гIуда тоьхна мехкан муфтийна Хамхоев Iийсана. "Интерфакс" агенталло бина цунах лаьцна хаам. Адвоката Оздоев Мохьмад-Бесира бахарехь, динан дайша ГIуран-баттахь дIаяьхьна кхеташо, бакъо йоцуш хIоттийна гулам лерина, цундела жоьпалла муфтийна тIе а дожийна, цунах 10 эзар сом гIуда хьарчийна. "Низамо магош ду гуламаш хIиттон, цигахь гулбелларш бIенне кхочуш бацахь... Читать дальше...