Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Март
2022
1 2 3 4
5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28
29
30 31

Новости за 18.03.2022

Румынин дозанехь нохчийн зуда дIалаьцна Оьрсийчоьнан тIедилларца

Radiomarsho.com 

МухIажарийн декъехь Украинера дIайоьдучу юкъанна Румынин дозанехь дIалаьцна 36 шо долу Нохчийчуьра схьаяьлла Гериханова Амина. Оцунах лаьцна Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцира "Вайфонд" цхьакхетараллехь. Бакъоларъярхойн хаамашца, Гериханова дIалаьцна Румынин полицино Оьрсийчоьнан а, Германин а тIедилларца. "Гериханова Амина Туркойчу кхача гIерташ яра, цуьнца ворхI шо долу кIант вара – иза берийн приюте вигина. ХIинца цуьнан гергарнаш беранна тIаьхьа бахана. Гериханова Интерполаца а, Шенгенан хаамийн системехула а (SIS) лоьхуш хиллера"... Читать дальше...

Дерриг жоьпалла тIерадаьлла пачхьалкх. Европан кхелах хаьдда Къилбаседа Кавказ

Radiomarsho.com 

Зазадоккху-беттан 16-хь министрийн кабинето Оьрсийчоь юкъаръяьккхира Европан Кхеташонна. Коьрта бакъонаш хьешар рогIера тIенислелча мехкан бахархойн аьтто хир бац Европан адамийн бакъонехула йолчу кхеле аьрзнаш дан. ЕСПЧ-н оьрсийн кхелаша бина сацамаш хийца аьтто ца хиллехь а, тайп-тайпана гIуллакхаш луьстучу юкъанна низамаш хедор цо тIечIагIдича, гIуллакх юханехьа листаран бахьана хила йиш яра. Дукхачу Къилбаседа Кавказерчу бахархошна Европера суд бакъоне сатийса йиссина тIаьххьара инстанци яра. Читать дальше...

Юсупов Iилман. Сихвелла воьду хьо...

Radiomarsho.com 

Iилман Юсупов * * * Сихвелла воьду хьо Iаьнца уьйр тесначу новкъа, Мотталуш хьайн гIуллакх кIелдиса йиш йолуш дац. Хьан когаш кIадделла, боларехь гIелъелла шовкъ а, Ойланаш Iадаеш, угIуш ду дарделла дарц. Шийлачу хIаваан Iаьнаро шагдо хьан легаш, КIайн тIемаш даржийна, хьан дагтIе лахъелла Iарш. ТIадийна каранаш дац хIинца куьйгашна мегаш, Хьуна дан гIо доцуш, лаьтташ ю гIорийна варш. Ма халà вогIу хьо, дуьненан бурчамийн векал, Чаккхармийн луьрачу Iаткъамна яхь дIа ца луш.... Читать дальше...



Юсупов Iилман. Яздехьа...

Radiomarsho.com 

Юсупов Iилман ЯЗДЕХЬА... БIаьстенан сурт дуьллуш кехатан есачу майданахь, Гайтахьа сан дагна сийна бай тIеболу хан. Со ирсе хир ву-кха, сацам бахь сатийсар дайдан ахь, Цхьа ши-кхо могIа а язбина, сатедахь сан. Яздехьа IиндагIех - ловзучех къегинчу малхаца - Дитта тIехь кхозучу, шех хилла човканан бен. Яздехьа баттах а, Iаш болчу даточу аьлханца Седарчий ир а деш, дIатоьттуш боданан пен… Сан иллин мукъамехь тосалахь безаман цIе хьайна, Яздехьа, алий а, хьуо цуьнах цецъяьлла Iа… Яздехьа... Читать дальше...

Муса Бексултанов "Цхьа некъ"

Radiomarsho.com 

Муса Бексултанов "Цхьа некъ" Пачхьалкхана дIалуш долу даьхни вовшахтуху меттиг – йоккха аре. Гонаха йина гIуркхийн керт. Цу чохь ши-кхо бIе бежана. Царна юкъахь бугIанаш, кегий старгIанаш а. Нах, акхарой я муьлхха а (зIакара, маIаш йолу) даьхни вовшахк- хеттачохь цхьаъ къаьста, да хIуттуш – иштта ду дахаран гIиллакх, садолу хIума кхоьлличхьана. И гIиллакхаш кхузахь а хуьлу, бежанаш долчу кертахь. Цхьа бугIа къаьста хIу тоьллачарах, кхара кIега санна, цIен бос а уьдуш, овкъаран басахь ши маIа а. Читать дальше...

Бексултанов Муса. Иэсан биста йисте

Radiomarsho.com 

Бексултанов Муса Иэсан биста йисте Суна дагадогIу денош, денош а, буьйсанаш а, юха дийнан лакхенехь малхо лоьху IиндагIаш. Кертан яххашца – бIаьстенаш; га дерзина – гуьйре; тIаккха яххьаш адамийн, олхазаран тIемаш, гезгамашош, некъан таьш, акхаройн лар-сибаташ а. Юха суо а, цхьана ненан бер – къора, бIаьрзе, экама. ХIинца а го изза буьйсанаш, малхах лечкъа IиндагIаш, амма бIаьргашна хIума ца девза; хIинца а хеза, хIетахь санна, амма лерехь – кхин аьзнаш, кхин амалш, васташ кхин, жималлехь (беран хенахь) суьрташ санна, лацаделларш. Читать дальше...

Талхадов Хьамзат. Дагца къамел

Radiomarsho.com 

Талхадов Хьамзат Дагца къамел Ма чехавехьа со, Дестечо меран бер санна, Сох даьлларг схьаала, Делахь а мел къаьхьа и. Кхул тIаьхьа сайн яккха Йисинчу ерриге ханна, Ца лаьа, дог, ахьа Сайна бан ца богIу ницкъ. Хьайл хьалхе къанвалар ХIуьттаре ян гIертар ларий, Со некъахь кIадваларх, Ма билла ахь суна бехк, Цкъа наггахь хьайн лазар Ойланехь тергалдац алий, Ларамза, лаамца Ма детта и суна тIех. ХIинца ахь ма-бохху, Со хьоьца идалац чехка, КIадбелла ас хIинццалц Нуьйр йоцуш хихкина дин. Читать дальше...

Талхадов Хьамзат. Весет

Radiomarsho.com 

Талхадов Хьамзат Весет Цкъа мацца кхачор ду Сан некъан тача, Сан керта кхочур ю Тезетан рагI. Я воьлхуш со идарх, Кхийдорах ахча, Iожалло духур ду Суна шен гIагI. ДоIанца, даггара Куьйгаш а лаций, Вехалаш, адамаш, Аш Деле со. Со шайна везначо, БIаьрхиш а хеций, Эцалаш шаьш дезаш Къаьстинчун дог. Со шуна, адамаш, КъинтIера ваьлла, И дехар шуьга а Деш ду-кха ас. Вистхилар доцуш со Новкъахь тIехваьллехь, Гечъелаш ларамза Ас йина вас. Шайн ховха белшашна ТIетийжаш ваьхнарг, КъинтIера шу довлахь, Эрна ца вов. Читать дальше...

Кхин а кIирнах къевлина латтор ю Оьрсийчоьнан Къилбера аэропорташ

Radiomarsho.com 

Зазадоккху-беттан 26-чу буса Москван хенаца 3:45 даллалц болх сацор дIадахдеш сацам бина Росавиацино. Дехкаршна кIелнисъелла Анапера, Геленджикера, Краснодарера, Ростов-на-Дону гIалара, Элистара, иштта Брянскера, Белгородера, Воронежера, Липецкера, Симферополера (Оьрсийчоьно аннексии йинчу ГIирмера) аэропорташ. ДIасакхоьхьучарна хьехна Сочера, Волгоградера, Минеральные воды гIалара, Ставрополера, Москвара аэропорташкахула альтернативе некъаш харжар. Аэропортийн болх сацор хIинца доьазза дахдеш ду ... Читать дальше...

Нохчийчуьра Талламан комитет реза ца хилла ЯнгулбаевгIарна депутата тийсина кхерамаш талла

Radiomarsho.com 

Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран доьзална Пачхьалкхан думан депутата Делимханов Адама массарна а хезаш тийсина кхерамийн хьокъехь таллам болон бух ца карийна Нохчийн республикехула йолчу талламан комитетан урхаллина. "ВЧК-ОГПУ" телеграмерчу каналехь билгалдаьккхина ма-хиллара, и сацам бина ЯнгулбаевгIеран доьзалера цхьамма а депутат жоьпе озор доьхуш арз дина ца хилар тидаме а эцна. Ткъа хеттарш дан а, баккъала а церан кхерамазаллина сагатдан бух хилар билгалдаккха аьтто бац, хIунда аьлча... Читать дальше...



Москва

Обвалилась кровля На горящем заводе в Москве удалось локализовать огонь


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин рассказал о цифровизации системы здравоохранения



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Селена Гомес

Селена Гомес начала терять подписчиков в социальных сетях из-за нового возлюбленного




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

«Кубок футбольных мам» прошел на стадионе «Москвич» в Лобне

Новинка от Edifier: беспроводные наушники Comfo Run для занятий спортом

Росгвардейцы обеспечили безопасность во время футбольного матча в Москве


WTA

WTA предвкушает дуэль Елена Рыбакина — Юлия Путинцева на турнире в Мадриде



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Анастасия Волочкова

Волочкова о видео с Джигурдой: "Я не то, что в ту дверь вошла, — я у себя дома"



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России