Конституцин кхел дIайохош 13,5 миллин сом дойъур ду Нохчийчоьнан Iедалхоша
Нохчийчоьнан Конституцин кхел дIайохочу буьйрана куьйгъяздина мехкан премьер-министро Хучиев Муслима. Оцу Iалашонашна хьажор ду 13,5 миллион сом. "Лакхахь хьахийначу Iалашонашна 2022-чу шарахь Нохчийн Республикан Конституцин Кхелана 13 506 267 сом 96 кепек бюджетан ассигнованеш ло Нохчийчоьнан финансийн министралло республикан куьйгаллийн резерван фондера, хIоттийначу хийцамаш баран къепеца бюджетехь куьйг таIош", - аьлла ду документа тIехь. 2020-чу шеран гIуран-баттахь федералан низам тIеийцира... Читать дальше...