Вийначу Дагестанера вахархочун гIуллакх Нохчийчохь дити – керлачу кхело луьстур ду иза
Дагестанан Хасав-Юьртара аптекан долахо Кардашов Алексей верца доьзна гIуллакх Нохчийчуьра Нажин-Юьртан кхеле листа дIаделла. Зуламна бехкево Соьлжа-ГIалара вахархо Омаров Сайд-Мохьмад, амма вийначун гергарчара а, бакъоларйархоша а дIахьедо, ницкъахоша тIелацийтина цуьнга бехк аьлла. ГIуллакх листа керла меттиг билгалбаккхар доьзна ду, Гуьмсан кIоштан кхелехь хьалхо и толлуш хилла суьдхой кхачийна хиларца, хаамбина Кавказ.Реалиин редакцига вийначун ненан интересаш хьалхайаьхначу "Iазапашна дуьхьал Командин" юристо Гусев Константина. Читать дальше...