Мусаева Зарема дарбанан цIийне могушалла талла охьайиллийта реза ца хилла Нохчийчуьра кхел
Ахматан-кIоштан (Ленинскан хилла) кхелан суьдхочо Эдиев Мусас дуьхьало йина Мусаева Заремин могушалла толлуш лоьрашка экспертиза йайта. Полисхочунна тIелатар дина аьлла, бехке йечу нохчийн жигархойн ЯнгулбаевгIеран вежарийн Абубакаран а, ИбрехIиман а, Байсангуран а ненан адвокаташа хьалхо хаамбинера, Мусаеван могушалла эшна йогIу аьлла. Кхелахочо дIахьедина, таIзаре хIоттийначун могушаллех шеконаш йац аьлла. Стационарехь дарба оьшуш хиларх Мусаеван адвокаташа кехаташ чу ца делла аьлла, цунах бахьана а дина дуьхьало йина... Читать дальше...