Ши кавказхо ву вуьсуш Мисарарчу набахтехь хIинца а
![Ши кавказхо ву вуьсуш Мисарарчу набахтехь хIинца а](https://gdb.rferl.org/216E7F0A-0601-4ECC-8EC5-7801D2023857_w800_h450.jpg)
Мисарара Оьрсийчоьнан векалт лерина ю цигарчу Iедале ГIебарта-Балкхаройчонан а, ГIалгIайчоьнан а бахархой Шелов а, Дзейтов а сихонца набахтера дIахецар деха.
2018-чу шеран Марсхьокху-баттахь дуьйна ву Дзейтов набахтехь, ткъа Шелов лецира лурчах бIаьста, билгалдаьккхина КъахIирерчу векала Борисенко Георгийс, хаам бо Кавказ.Реалиино, ТАСС агенталлин хаамна тIе а тевжаш.
Дипломата бахарехь, иза къастош ву кегийнах муха, стенна лецна, царна бехке хIун до.
Лецнарш 7 стаг вара юьхьанца. Ал-Азхар университетан студенташ Плиев Рамзан, Дзейтов Iела, Аушев Илес, Чемурзиев ИсмаьIал, уьш болчу СаIуда Iаьрбийчуьра хьошалгIа вахана Дугиев Хизар а КъахIирехь байра 14 августа 2018-чу шеран Масрсхьокху-баттахь. Пхи бутт баьлча царех 4 набахтехь хилар гучуделира. Ткъа карош воцу Дугиев шен карах вайна вац, чIагIдо Мисаро.