Кадыров къера хилла Украине бахначу нохчашна юккъехь байъинарш хиларна
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бина, Украинана тIелеташ декъехь хилла республикера шиъ тIемало вийна, аьлла.
Регионан куьйгалхочо шен телеграмехь пост арахецна, нохчийн тIемалошлахь хилла зенаш дуьйцуш: "Халахетарца олу, Нохчийчуьра дIабахначарна юкъахь байъинарш бу. Шиъ вийна, кхиъ ялханна чевнаш йина".
Чиллан-беттан 26-хь Кадыровс дIахьедира, оьрсийн эскаран декъехь Украинана тIелеттачу нохчийн тIемалошна юккъехь байъинарш бац, аьлла. Киев гIалана генавоцуш волчу нохчочо Бакаев Iелас Кавказ.Реалиига еллачу комментарехь Кадыровн дешнаш - харцдерг ду элира, нохчийн нуьцкъахойн гергарчеран хаамашна тIе а тевжаш. "Цара боху дайъина адамаш таппашкахь тIелоьцуш ду", - тIетуьйхира Бакаевс.
Чиллан-бетан 24-чу буса Оьрсийчоь тIамца чугIоьртира Украинана. Оьрсийчоьнан тIелатар бахьана долуш, ООН-н зерашца, мел лахара а велла 102 маьрша вахархо, шайлахь ворхI бер долуш, ООН-ан адамийн бакъонехула волчу Лаккхарчу комиссара бахарехь зераш кхин а дукха хила мега. Украинан Iедалхойн хаамца, тIом болабеллачу пхеа дийнахь 350 стаг вийна, шайлахь 16 бер долуш.
Украинан тайп-тайпанчу кIошташкахь дIахьош ду къиза тийсадаларш. Оьрсийн эскарера боккха кхерам лаьтта Харьковна, Херсонна, Черниговна, Суманна, Метропольна а тIехь, шортта тIеман техника ю Киеван юххе гIерташ.
Шиъ нохчийн тIеман батальонаш ю – шейх Мансуран а, Дудаев Джовхаран а цIарах – Украина ларъеш, оьрсийн тIемалошна дуьхьало еш дакъа лоцуш.