Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Март
2022
1 2 3 4
5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28
29
30 31

ГIалгIайчуьра 29 вахархочунна 882 эзар евро ахча кхачо сацам бина ЕСПЧ-но

0
ГIалгIайчуьра 29 вахархочунна 882 эзар евро ахча кхачо сацам бина ЕСПЧ-но

ГIалгIайчуьра 29 вахархо Iазапехь латторна, адамалла йоцуш, сийсазвеш хьийзорна, церан маршонан бакъонаш хьешарна чуделлачу вовшахтоьхначу арзанна тIехула сацам бина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Царна кхачийначу ахчанан барам вовшахтоьхча 882 эзар евро бу.

Бакъонашларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчохь арахьара агент лерина ю, амма центр сацамна реза яц – ред.) дуьйцу, талламехь кхо гIуллакх дара вовшахтоьхна, царна чохь дуьйцу зуламаш 2007 – 2008 шерашкахь хилла ду.

Хьалхара гIуллакх чуделла хилла ГIалгIайчуьра юкъараллин "МАШР" кхолламан декъашхо Цечоев Зураб лачкъийна вигира шен Троицкая-эвларчу хIусамера. Меттигерчу ФСБ-н ларми чохь пхеа сахьтехь етташ, садукъош, сийсазварца кхерамаш туьйсуш, хьийзийнера иза, ФСБ-н белхахойн цIерш Ingushetia.org сайте яхьийтарна къера хила, бохуш, иштта, юкъараллин жигаралла тесна а йитий республикера дIавахар тIедожийнера цунна.

Цул тIаьхьа Цечоев дIахийцира, шена йина чевнаш дIаязъяйтира цо, бехктакхаман гIуллакх долийра цуьнан орзанна тIехула, амма таллам кхоччуш бацара. Масала, Цечоев хьийзийначу ларми чу хьажа а ца вахара талламхо, ца йийхира камераша дIаязйина видеош а.

ШолгIачу гIуллакхна тIехулар арз диначех шиъ Сурхаха-эвлара вахархо - ши шича ву, цу шинна цхьатерра цIераш ю - Аушев Мохьмад.

Дуьххьарниг ФСБ-н белхахоша, цуьнан хIусамна герзаш а диттина, коьртах Iаьржа тIоьрмаг бихкина, дIавигира, хетарехь, Къилбаседа ХIирийчуьра ФСБ-н декъе. Цигахь цунна етташ, тоькаца Iазап латтош, хьалауллуш, тIаьхьо хьуьнха а вигина, даьккхинчу ор чу а воьллина, вуьйр ву, бохуш кхерамаш тийсинера. Иштта цуьнга куьг яздайтира ФСБ-ца юкъаметтиг латтон, тIаккха маьршаваьккхира. Аушевн аьтто ца белира царна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх доладайта.

Кхо бутт баьлча такси чохь вогIучу юкъанна и ший а дIалецира Соьлжа-ГIалина йистерчу постехь. ТIаьхьо гучуделира и шиъ машенахь Урус-Мартанан кIоштан ГIойтIара ОВД дIавигина хилар. Цигахь царна буйнаш, мийраш, тоьпан мукъ биттинера, церан кехаташ дагийнера, кхин царах дан хIума дац, аьлла.

Кхин дIа АушевгIар оццу ФСБ-н белхахошна кара дIабелира, цара уьш Iазапехь латтийра дуьххьара дIалоцуш. Хьалхарчунна цара тоькаца Iазап дира, шайца юкъаметтиг ца лелорна бекхам бу хIара, бохуш. АушевгIара ши де хан яьккхира кораш доцуш, мукадехкаш хьийза, пенош тIехь цIийн ларш йолу шийла ларми чохь. Царна хIоразза а еттара, кхерамаш туьйсура, царна кхечу камераш чуьра маьхьарш хезара. ТIаьхьо дIахийцира уьш.

Уьш Iазапехь латтийначарна дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх сацийра кхоччуш таллам а ца беш.

КхолгIа латкъам – Iели-Юьртарчу 26 вахархочуьнгара бу. Нуьцкъахоша бахарехь, 2007-чу шеран Товбецан-беттан 27-хь ФСБ-н тIелеттарш боьвдда оцу юьрта дIалечкъинера. ШолгIачу дийнахь, бронетраспортераш, номераш йоцу Газелаш тIехь юьрта баьхкинчу тIемалоша нехан хIусамаш чу а лелхаш, бахархошна буйнаш, мийраш, тоьпан макъарш диттира. Арз чуделлачара бахарехь, верриг зен хилларг вара 30 стаг, царлахь зударий, кегий бераш, къаной а болуш, 19 стаг Несаран дарбанан цIийне вига дийзира, ткъа шиъ – Москва.

Зен хиллачеран латкъамна тIехула бекхтакхаман гIуллакх айдира, Iели-Юьртахь "спецоперци" йина хилар а тIечIагIдира, аммма бехкечеран цIераш ца ехира, йа жоьпе ца озийра.

ЕСПЧ-не арз диначарна гIо деш бу бакъонашларъяран "Мемориал" центран юристаш а, цаьрца цхьаьна гIуллакх деш болу адвокаташ а, Европан адамийн бакъонаш ларъяран центран юристаш а.

2021-чу шеран ГIадужу-баттахь ЕСПЧ-но масийтта сацам бира ГIалгIайчуьра латкъамхошкахьа, царлахь бара 2014-чу шарахь ФСБ-н белхахоша вийначу Плиево эвлара вахархочун Куриев Муслиман нана, иштта 2010-чу шарахь герз диттина вийначу Цечоев Гиланин доьзал а.

2010-чу шарахь Дагестанехь вайначу ГIалгIайчуьрчу вахархочуьнца Хутиев Мухьаммадца доьзна, "Хутиев а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхан хьокъехь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) шаьш бина сацам бовзийтира. Хутиев лачкъорах а, цул тIаьхьа иза вийна хила магарх а, иштта кхачо йоллуш зулам теллина цахиларх а жоьпалла Оьрсийчоьнна тIехь ду аьлла, билгалдаьккхина кхелахоша.





Губернаторы России
Москва

Собянин назвал крупнейшие инвестпроекты, реализованные в Москве в прошлом году





Москва

Азербайджанцев оправдали за убийство спортсмена Евгения Кушнира в Самарской области. Делом заинтересовался глава Следкома РФ А. Бастрыкин


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: В Москве открылись новые выездные площадки для регистрации брака



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Сергей Брановицкий

Снять свой Художественный фильм.




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Азербайджанцев оправдали за убийство спортсмена Евгения Кушнира в Самарской области. Делом заинтересовался глава Следкома РФ А. Бастрыкин

"Спартак" обыграл "Рубин" со счетом 3:1

"Спартак" обыграл "Рубин" в последнем матче Джикии


Арина Соболенко

Соболенко — Коллинз: белоруска выиграла первый сет в полуфинале Рима



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

На новых участках дорог во Владимирской области размещены 17 комплексов фотовидеофиксации ПДД



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России