Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Март
2022
1 2 3 4
5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28
29
30 31

Украинерчу тIамехьа митинг дIаяьхьна Израилехь. Нохчийчуьра бахархоша дакъалаьцна цу юкъахь

0

Израилера Нетания гIалахь Оьрсийчоьнан президентан агIончаша акци хIоттийнера Украинана дуьхьал бечу тIамна тIетовш. Масех иттаннашкахь Израилан а, Оьрсийчоьнан а, нохчийн а байракхашца нах гулбеллера Шлулит ха-Хорев (гочдича -"Iаьнан Iам")паркехь.

Кавказ.Реалиин корреспонденте акци хIоттийначара дийцарехь, цара бартбинера иза фейсбукехь дIаяхьа. Бараман цхьахйолчу декъашхочо, меттигерчу Марина цIе йолчу яхархочо, дIахьедира, Израилан телеканалашкахь Украинерчу хьолах лаьцна "цхьана агIор бен" дуьйцуш цахиларх.

Нохчийн диаспоран векало Аматиев Рустама дIахьедира Кавказ.Реалиин корреспондентца хиллачу къамелехь, шен махкара гергарнаш Оьрсийчоьнехьа Украинехь тIемаш беш бу.

"Со Израилехь Iаш ву, со бусулба а ву. Со тIетов сайн махкахошна а, вежаршна а, йижаршна а. Оьрсийчохь сан дуккха доттагIий а, бевза-безарш а бу. Дукхаболчара емалдахь а, со гуттар а цаьргахьа ву. Ас цхьатерра хьалаойбур ю оьрсийн а, нохчийн а байракхаш. Оьрсийчоь  агрессор лору, амма со цуьнгахьа ву. Суна сайн пачхьалкх а, сайн республика, сайн къам а, вежараллин къаьмнаш а деза", - дIахьедина митинган декъашхочо.

Къамел динчо дийцина, Зазадокху-беттан Iуьйранна Ришон-ле-Ционера Нетани кхаччалц машенаш хахкарехь ша дакъалацарх Украинехь Оьрсийчоьно лелочунна тIетовш.

Митингехь хазийра Газманов Олеган иллеш а, кхиндолу патриотикан иллеш а, дуьйцу Кавказ.Реалиин корреспонденто. Акцин декъашхоша маьхьарий деттара "Вайгахь хир бу толам!", "Тхо фашизмна дуьхьал ду!", "Нацизм чекхъер яц!" бохуш. Цул тIаьхьа гулбелларш рогI-рогIана микрофонна тIе а богIуш, Украинана лен хIиттира, цуьнан Iедалхойх бандеровцаш бохуш, террризмна бехкебеш. Акцин декъашхоша дийцарехь, царна хаьа Украинерчу Оьрсийчоьнан эскаран эшамах а, миллионашкахь нах мухIажарш бийларх а, амма "нацизмах кIелхьарбахархьама", ца дича йиш йоцург дара.

Израилан полици яра Оьрсийчоьнехьа митинг ларъеш. Украинхойн байракхашца парке жигархой баьхкича, вовшахтасадаларш ца хилийта, юкъагIорта дийзира полицин.

Украинхойн агIор акцехь хиллачо дийцира Кавказ.Реалиина, Оьрсийчоьнан агрессин агIончашца дуьхь-дуьхьалкхетаран кхерамах.

"МухIажаршна лерина гIалин юккъехь барам хIотто дийзира оцу демонстрацица уьш ца Iиттабалийта. ТIамах девдда бераш хIинца кхоьру лоппарг эккхаш а, волонтераша лардо уьш", - дийцина къамел дечо.

Зазадокху-беттан 25-чохь 30-гIа де ду Оьрсийчоьно Украинана тIелатар долийна. Оцу хеначохь 206 Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан Къилбера а бIаьхо велла. Кавказ.Реалиина цIераш хуурш бу уьш, билггал долу терахь кхин а лакхара хила тарло.

ООН-н хаамашца, Украинехь 953 маьрша вахархо вийна, 1557 стагана чевнаш йина. 3,5 миллион ву мухIажир ваьлларг, ткъа мухIажарийн а, кхалхархойн дуьззина терахь ду Украинан бахархойн доьалгIа дакъа гергга.





Губернаторы России
Москва

Собянин: На ВДНХ открылась экспозиция об истории цифровизации Москвы





Москва

Своя земля: как получить гектар на территории России


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин рассказал, как Москва развивает новые цифровые решения по программе КРТ



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Певец

Певец Shaman посетил Рязань и рассказал, что не носит трусы




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Азербайджанцев оправдали за убийство спортсмена Евгения Кушнира в Самарской области. Делом заинтересовался глава Следкома РФ А. Бастрыкин

Прощание «Спартака» с Джикией, «Зенит» в гонке за чемпионство. Итоги игрового дня РПЛ

Росгвардейцы обеспечили правопорядок во время футбольных матчей в Москве


Ига Свёнтек

Свёнтек выиграла десятый «тысячник» в карьере



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Минск

Президент Камеруна получил послание от Президента Лукашенко



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России