Хьехархо Самюэль Пати нохчочо вер таллар дирзина Францехь
2020-чу шеран гIадужу-беттан 16-хь нохчочо Анзоров IабдуллахIа Парижан уллерчу Конфлан-Сент-Онорин гIалахь хьехархо Самюэль Пати вер таллар дерзийна Францин талламан кхелахоша.
14 стеган хьокъехь бира таллам, царлахь масех кхиазхо а, Анзоров иркархIоттийна йолу видеон автор, дешархочун да Шнина Браим а вара, иштта радикалан имам Сефриуи Абделькаим а, дуьйцу францхойн CNews телехьожийло.
Муьлхачу бехкашца, муьлхачу кхеле мила хIоттор ву сацам бийр бу гергарчу хенахь терроран гIуллакхехула йолчу Къоман прокуратуро, талламна тIе а товжуш.
Цуьнца цхьана Парижан прокуратуро Пати Самюэлан гергарчийн латкъамехула кхин а таллам бу дIахьош. Цара бахарехь, Iилманан Къоман департаменто а, чоьхьарчу гIуллакхийн Министралло а кхоччуш Патин кхерамазалла ца ларйина, цунна кхерамаш туьйсуш хилар хуушехь.
47 шо долу историн а, географин а хьехархо Пати Самюэл вийра 2020-чу шеран гIадужу-беттан 16-хь. Хьехархочо ша вен масех де дуьссуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Мухьаммад Пайхамар аьшнашвеш дехкина суьрташ, амма аьлла хиллера, бусулба дешархой классера арадовла йиш ю, шайна и карикатураш йогIуш ца хетахь.
Истори резонансе хилира. Цхьадолчу берийн бусулбачу дайша-наноша шога критика йира хьехархочунна а, школана а; царлахь вара Шнина Браим а - иза дешархочун да ву, тIаьхьо гучудаьлла ма-хиллара, оцу урокехь хилла яцара цуьнан йоI. Иштта вара царлахь Сейриуи Абделькаим а - шен деца-ненаца Патис хьоьхучу школе веанера иза.
2020-чу шеран гIадужу-беттан 16-хь Патица вевзаш хилла воцу 18 шо долу Анзоров IабдуллахI хьехархо болх беш хилла йолчу колледже веара - Патина критика йеш видео гина хиллера цунна. Хьехарчуьнга собар а дина, урс тоьхна вийнера цо иза, тIаккха схьабаьккхинчу коьртана сурт а даьккхина, Макронна лерина твит хIоттийра цо. ДIалаца гIертачу юкъанна полицино вийра Анзоров. Иза Нохчийчохь дIавоьллина.
Пати Самюэль верца йоьзна резонанс гIаьттича Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "терроран иркархIотториг" ву аьллера Макрон, цо дешан маршо къобалъярна, иштта тIетоьхна цо, "оцу тайпа реакцин тIаьхьалонаш бохаме хила мега" аьлла. "Массо бусулбачу нехан мостагI" аьлла францхойн президентах Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьа. 2021-чу шеран гезгмашин-баттахь Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада дIахьедира, Анзоров "джихIадехь велла" аьлла.