Нохчех лаьцна видео дIаязйинчу туристо шена къинтIера баьхна – хетарехь, Iаткъамбинера цунна
Мехкан бахархой сийсазбеш ша яьккхинчу видеона тIехула Нохчийчохь хиллачу блогеро шена къинтIерабаьхна. Хетарехь, бертаза дайтинчух тера ду цуьнга къамел, цуьнан хье тIехь таммагIа ду, цуьнан озаца а хаало иза воьхна хилар.
"Марков Кирилл ю сан цIе. Сайн ютуб-канале масех видео хIоттийнера ас, нохчийн къомах лаьцна оьзда доцу къамел деш. Ас гечдар доьху доллу нохчийн къоме, иштта оцу роликашка хьоьвсинчу сайн хьовсархошка а", - боху цо.
Соьлжа-ГIалин юккъехь яьккхинчу хьалхарчу видео тIехь, "тIом бан а, даьхний лело а" бен хууш боцу "жаIуй" олу нохчех туристо. Меттигерчу масех инстаграмерчу яккхийчу аккаунташкахь маса реакци йира оцу дешнийн.
Дагестанехь некъа тIехь хиллачу конфликтан декъашхочо гечдар доьхуш дIаязйина видео шен телеграме хIоттийнера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Видеокхайкхамехь цуьнан цIе йоккхуш яц. Хьаькамо бахарехь, 95-чу регионера (Нохчийчоь) машен Дагестанехь сацийначу тобанхойх цхьаъ ву иза.
Нохчийчуьрчу бахархоша "сийсазе гечдар доьхуш" гойтучу видеошна тидам бира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссино шен дуьненаюкъарчу динан маршонех лаьцна 2021-чу шарахь арахецначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна, хьалхо ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан директор хиллачу Нохчийчоьнан зорбан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яха аьлла.