Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Февраль
2023
1 2 3
4
5
6
7
8 9 10
11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23 24
25
26
27
28

Вийначу дагестанхочун гIуллакхехула хилла Гуьмсан кIоштан кхелан куьйгалхо юкъарваьлла

0
Дагестанера аптекахо Кардашов Алексей верца доьзначу гIуллакха юкъара валар адвокташа а, бехкбуьллучу агIоно а тIедожорна Гуьмс гIалин кхелан куьйгалхо Амиров Iусман резахилла. Кхеле хIоттийна ву Омаров Сайд-Мохьмад. Вийначун доьзал тешна бу иза бехке цахиларх, церан шеконаш ю нохчийн ницкъахойх.


Иза юкъарваккхаран бахьана ду, Амировс оцу хеначохь, Кардашовна ницкъбеш, шайгарчу бакъонел сов вийлинчу Росгвардин шина белхахочун гIуллакх а дIахьош хилар. Омаров теш ву цигахь, дийцина Кавказ.Реалиига "Iазапашна дуьхьал Команда" бакъоларйаран организацин юристо Гусев Константина. Шина а гIуллакхехь зен хиллачун – вийначун ненан Якубова Цилин интересаш хьалхайаьхна цо.


"Вовшашца доьзна ши гIуллакх низамехь дIадахьа бакъо йац цхьана кхелахочун. Цундела резахилла иза юкъарвала. Амма проблема ю, и гIуллакх 2019-чу шарахь дуьйна луьстуш хиларца, Омаровна дина таIзар Нохчийчуьра Лакхарчу кхело юхадаьккхира, юха талла кхечаьрга дIа а хьажош. Гуьмсерчу кхелехь башха дукха бац суьдхой, и гIуллакх ишта йа вуьшта цара теллина ду", - кхетийра Гусевс.


Юристо бахарехь, юьхьанца дуьйна Омаровн а, Росгвардин шина эскархочун а гIуллакх цхьаъ дара – иза дукха эвсара говзаллица теллира дагестанхойн талламхоша. Амма цул тIаьхьа Нохчийчоьне дIакхачийра, цигахь шина гIуллакхе дерзийра дахдан а, болх чолхе баккха а".


Адвокаташна а, вийначун гергарчарна а хетарехь, таIзаре хIоттийна хила веза нохчийн виъ ницкъахо – аптекахо Кардашов Алексей верна бехкеволу ши полисхо а, Росгвардин ши эскархо а, амма МВД-н белхахой кхин дIа а шайн белхаш дIабеш бу, иза къайлаваккхарна шайна тIехь шеконаш йоллушехь.


Хьан луьстур долуш ду Омаровн гIуллакх хIинца – хууш дац. ГIуллакхан карточки тIехь хаамбарца, Гуьмс гIалин кхело хIинца кхозлагIа толлуш ду и гIуллакх – 2019-чу а, 2021-чу а шерашкахь таIзарш кхайкхийна дара, амма царна латкъам бира апелляцихь.



Дагестанера Хасав-Юьртара аптекахо Кардашов Алексей вайра 2017-чу шарахь. Нохчийн полисхойн шеконаш йара цуьнца, цо къайлах наркотикаш юхку аьлла. Оцу гIуллакхан коьрта теш – Соьлжа-ГIалара таксхо Омаров Сайд-Мохьмад ву, цо мукIарло динера, Кардашовгара "Лирика" эца лууш вара ша – дуьйцура, нохчийн ялх ницкъахочо, царех виъ вевзинера цунна, Кардашов Соьлжа-ГIалара Хасав-Юьрта вигира, цигара аптекахо Гуьмсерчу МВД-н декъе валийра аьлла.
ТIаьхьо Омаровс ша дийцинарг хийцира, Кардашов вер шена тIе а лоцуш. 2020-чу шеран лахьан-бутт бовш колонихь даккха исс шо хан туьйхира цунна. Оцу гIуллакхах лаьцна шуьйра йаздира Кавказ.Реалиис.
Къоман гвардин ши белхахо Абдурашидов а, Дукаев а лецира 2019-чу шеран зазадокху-баттахь, и шиъ бехкевира шайгарчу бакъонел сов вийларна. 2020-чу шеран гIуран-беттан 14-чохь Гуьмс гIалин кхело динчу зуламехь цу шиннан бехк тIечIагIбира, арахь даккха 3,5 шераш туьйхира. 






Губернаторы России





Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России