Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Май
2023
1 2 3
4
5
6
7
8 9 10 11 12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23 24 25 26
27
28
29 30 31

Террорхошца уьйраш хила тарло аьлла лаьцна витина нохчийн адвокат Идалов

0
Террорхошца уьйраш хила тарло аьлла лаьцна витина нохчийн адвокат Идалов

Нохчийн адвокат Идалов Тимур Iалашвечийн ницкъ ца тоьъна иза лацар къовса – къайлахчу сервисийн а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а белхахоша дIахьедина, террорхойн тобанашца а, нохчийн зуламхошца а цуьнан уьйраш хила тарло аьлла. Шина баттана лаьцна вуьтуш СИЗО хьажийна Идалов, прокурорна кхерамаш тийсарна.

ГIуллакхан материалашна йукъатоьхна ФСБ урхаллин куьйгалхочун жоп, цу тIехь боху, Идаловн "шуьйра уьйраш йу кеп-кепарчу дуьненайукъарчу террорхойн йукъараллашца, нохчийн зуламхойн тобанашца а".

Чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллера бехкзуламан гIуллакхаш толлучу хьаькаман рапорта тIехь чIагIдо, юристан нохчийн зуламан тобанашца уьйраш йу, "Оьрсийчоьнел арахьа дуккха а бевзаш нах а бу" цуьнан. Хетарехь, Оьрсийчохь террорхойн лерина батIалхьажойн динан тоба йу йуьйцург, цу вовшахтохараллин векалшна адвокат хIоьттинера иза ГIалгIайчуьра экстремизмна дуьхьало латточу Центран куьйгалхо верах долчу гIуллакхехь.

Процессехь адвокаташа хаьттира талламхочуьнга, цуьнан криминалан зIенаш хиларх цхьаъ мукъна а масал далон таро йуй хьан аьлла, амма жоп ца хилира.

Цунна дIасавалар доьхкуш хIоттийначу кхелехь чохь вуьтуш сацам бар къовсу адвокаташа тIетевжира и шеконаш а, дина боху зулам а тоьшаллашца тIечIагIйина цахиларна. Цул совнах адвокаташа дийхира, 55 шо долчу Идаловн могушалла цахилар а, ша адвокат хиларе терра, цо лелош хилла гIуллакхаш а йукъахдовларна а, кхечу махкахь лела паспорт талламхочуьнга дIаделла хилар  а (пачхьалкхера дIаваха таро цахилар) тидаме эцахьара аьлла. Бехктакхаман гIуллакх долор цуна бина бекхам бу аьлла адвокаташа, цхьа могIа резонансе гIуллакхаш цо дIахьош хиларна. Цуьнан аргумент йу, прокурорах лаьцна кхелехь цо дешнаш аьлла ахшо даьллачу хенахь бехкзуламан гIуллакх айдина хилар.

Идалов Iалашвечарех цхьана адвокато Мусаев Мурада дIа ма хьедарра, процессехь дакъалоцучу прокуроре аьллера цо: "Хьо капитан Каттани-м вац (италхойн сериалашкахь мафица къийсам латтош хилларг – Билгалдаккхар.)? Цунна тоьпаш ма тоьхна".

Идалов Тимур –  Нохчийчуьра ву, милцо болх бина цо, дагадоуьйту "Новая газета. Европа" хьасто. Дуьххьара таIзар динера цунна, 1999-чу шарахь Эрмалойчоьнан президент хила гIерта Джилавян Серж лачкъийначу тобанан куьйгалхо хилла ву аьлла. ШолгIа наркотикашца доьзна бехкевира иза. 2012-чу шарахь, "Коммерсантан" информацица,  Европера адаминй бакъонашкахула йолчу кхело компенсаци кхачийра цунна, кхел харцонца йарна а, цуьнца къизаллаш лелорна а.

"Коммерсантан" информацица, ГIалгIайчуьра экстремизмна дуьхьало латточу Центран хьалханча Эльджаркиев ИбрехIим верца доьзначу гIуллакхехь бехкевен Белхороев Алиханан адвокат вара Идалов. И гIуллакх листа Къилбан гонашкара тIеман кхеле кхачийна дечкен-баттахь. 2020-чу шарахь Идаловс дIахьедира SOTA телеграм-каналана йеллачу комментарехь, ша Iалашвечунна тIехь Iазапаш лелийнера Буьри-ГIаларчу номер 6 йолчу СИЗО-хь аьлла.

SOTA-н хаамашца, Идаловн юкъарлонаш ду Лев Пономаревн "Адамийн бакъонашкахьа" цIе йолчу боламца, цо Iалашвеш вара Хабаровскан экс-губернаторца Фургала Сергейца доьзначу гIуллакхца таIзар дина Кадыров Мурат а. 2018-чу шарахь Идалов адвокат хIоьттира ГIебарта-Балкхаройчуьра Бегидов Альбертан. Иза бехкевора Кировн кIоштара Омутнинскера "таIзаран" колонин белхахочунна тIелатар дина аьлла.





Губернаторы России
Москва

Собянин: Новый корпус больницы святого Владимира планируется открыть в 2025 году





Москва

На борту самолета, летевшего из Москвы в Турцию, из-за жары погибла кошка якутского пилота


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: Новый корпус больницы святого Владимира планируется открыть в 2025 году



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Анастасия Волочкова

«Нужно быть очень осторожной»: Волочкова высказалась о спутнике дочери




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

ФК «Зенит» представил стартовый состав на суперфинал Кубка России в Москве

Один из лидеров «Салавата Юлаева» подписал контракт с ЦСКА: теперь официально

«Зенит» добыл волевую победу в матче с «Балтикой» и завоевал Кубок России


Ролан Гаррос

Главный русский теннисист заставил Париж аплодировать ему стоя. Что удалось Осьминогу Медведеву?



Новости Крыма на Sevpoisk.ru




Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России