The New York Times: Скрипалан дIаьвшен тIелетар дина химин говзанчо
Британерчу Солсбери гIалахь Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн коьртачу штабан коьртачу талламан урхаллан полковник хиллачу Скрипаль Сергейна дIовш даларо гойту иза динарг химин говзанча хилар. Цунах лаьцна яздина The New York Times газето, эксперташна, тIе а тевжаш. Талламхошна хетарехь, дIовш хьаькхна хила мега Скрипалан хIусаман неIаран тIома тIе. Скрипаль дIабаханчу баттахь дIакхачийнера дарбанан цIийне, Солсбери гIалахь махбаран центран уллехь цунна во хиллачул тIаьхьа. Цуьнца цхьаьна клинике охьайиллина ю цуьнан йоI Юлия а. Читать дальше...