РогIера маьждиг схьадиллина Iалхан-Юьртахь
Соьлж-ГIалин кIоштарчу Iалхан-Юьртахь долчу массех маьждигна тIе схьадиллина 100 стагна лерина керла маьждиг. Иза схьадоьллуш дакъалаьцна кIоштарчу Iеламнаха а, дуккха а могIарчу бахархоша а.
Маьждиг хIоттийна Кадыров Ахьмадан цIарахчу республикан фондан ахчанах, хаамбо мехкан прессехь.