Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Март
2018

Новости за 15.03.2018

Талорш лелош берийн тоба гучуяьлла Австрехь

Radiomarsho.com 

БархI шарера шийтта шаре кхаччалц бен хенаш яц Лакхарчу Австрерчу Велс гIалахь полицино совцийначу нохчийн берийн. Уьш бехке деш ду, гIаларчу паркехь кхечу берех летарна а, кегийра къоланаш дарна а. Полицино бинчу хаамца, цу берех диаммо даханчу кIирандийнахь урамехь кхозуш йолу газетийн касса лачкъийна хилла. Австрерчу урамашкахь мукъаденошкахь бIогIамех хьалаухкий хуьлу газеташ чохь долу тIоьрмигаш.  Газета эца луучо цуьнан меха  ахча чутосу уллехь кхозучу касси чу. Iедалхоша чIагIдарехь, нохчийн... Читать дальше...

Нохчийчуьра шира эвла Хой меттахIотто йолийна

Radiomarsho.com 

Шира архитектуран гIишлош денъян буьйлабелла Нохчийчоьнан ЧIебарлойн кIоштахь. Ду царлахь маьждиг а, медресе а, тIемалойн бIов а, хIусам а. Културан хIолламаш лерина гIишлош юхаметтахIитто сацам бинера мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Нохчийн энергетикаша жигаралла гойту оцу процессехь. Веданан кIоштан электрикаша  Къоьзан Iомана гена йоццучу Хой олучу эвлахь дIатийса  долийна тоькан серий. Цигахь археологашна керийна 2,5 эзар шераш хьалха хиллачу таллархойн садоIу меттигаш. Къаноша дийцарехь... Читать дальше...

Мурманскан кIоштахь Нохчийчоьнан векалалла юьллуш ю

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан векал официалехь Мурманскан кIошта веана. Регионерчу Iедалан официалан пресс-релизехь бинчу хаамна тIе а тевжаш, яздо цунах лаьцна "СеверПост.ru" хьостано. Соьлж-ГIалара бизнесхо Асаев Асланбек хIоттош ву векалтан урхалле. Йохка-эцаран, экономикан, Iилман, гуманитаран, културан а, кхидолчуьнца а юкъаметтигаш кхиорхьама сацам бина Мурманскехь векалт елла. "Сан шеконаш яц, регионехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалалла схьаелларо шина субъектна юкъахь партнерийн а... Читать дальше...



Нохчийчохь харжамашна тIехь тидам латтор бу 4 эзар гергга тергамчас

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь Оьрсийчоьнан президентан харжамийн дийнахь кхаьжнашна тIехь тидам латтор бу 4 эзар гергга юкъараллан тергамчо. ТАСС агенталло бо и хаам, харжамийн комиссин декъашхочун Эльсункаев Солижанан информацех пайда а оьцуш. Цо бахарехь, кандидатийн я уьш хьалхатеттинчу партийн векалш а, дуьненаюкъара тергамчаш а  хир бу харжамашкахь. Харжамийн дийнахь республикехь болх беш хир ю 475 харжамийн куп. Тергамчийн бакъо хир ю харжамаш буьйлабеллачул тIаьхьа, кхаьжнаш дагардина довллалц терго латто. Читать дальше...

Азербайджано Оьрсийчоьне дIавели Такаев Сайд-Хьусейн

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуран Телеграм-каналехь хаамбо, Азербайджанан Iедалша Такаев Сайд-Хьусейнна экстрадици ярх. "Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурано схьавоьху Такаев еаридийнахь дIавелла Азербайджано, цунна дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакх кхи дIа таллархьама. Цунна бехкедуьллу, гIаттамхойн тобанехь латтар а, тIелатарш дар а. Шен даймахка дIакхачийна Такаев гергарчу хенахь кхеле хIоттор ву", - аьлла бу хаам. 2013-чу шеран Iай Шела кIоштан кхело лаца кхайкхийнера Такаев. Чиллан-беттан... Читать дальше...

Путинна критика йина десантник дIалаьцна

Radiomarsho.com 

Путинна критика йина Дагестанера блогер-десантник Алибеков Асхьаб 10 денна дIалаьцна Новороссийскехь. Бахьана: полисхошна дуьхьалояр. Алибековн йоIа дийцарехь, полисхоша шаьш карзаха ваьккхинера иза. Алибеков вевзаш ву шен YouTube-каналехь президентан харжамашна дуьхьала бечу кхайкхамашца.

Хазбиев Мохьмадна тIе ца кхачийтина цуьнан адвокат

Radiomarsho.com 

Карабулакерчу СИЗО-хь латточу оппозиционерна Хазбиев Мохьмадна тIе ца кхачийтина цуьнан адвокат Ибриева Хеда. Ша Iалашван тIелаьцначуьнца цхьанакхета оьшу кехаташ кечдийриг могуш воцуш хилла, цуьнан метта гIуллакхе хьажа стаг вац аьлла, изоляторан белхахоша чу ца йитина иза. Маршо Радионо хаамбира, оршотдийнахь Хазбиев Мохьмада мацалла кхайкхийна хиларх, ша чохь латточу хIусамчохь хьелаш кхачаме цахиларна а, шеца харцо лелорна а дуьхьал протест еш. "Кавказан узел" агенталле адвоката ша дийцарехь... Читать дальше...

Савченко Надежда бехкейо теракт кечдарна

Radiomarsho.com 

Украинан Лакхарчу Радехь теракт дан гIоьртина аьлла, шеконашка эцна  депутат Савченко Надежда. Украинан Инарла прокуроро Луценко Юрийс еаридийнахь дIахьедина, гергарчу хенахь иза депутатийн могIарера а йоккхуш, лаца бакъо йоьхуш, парламенте кехат дохьуьйтур ду аьлла. "Талламан харц хила йиш йоцу тоьшаллаш ду, Савченкос ша кечам а беш, хьехна хиларх, муха теракт дан мегар ду кху хIусам чохь, Лакхарчу Радан бохь минометца муха бохон беза, балаза бисинарш автоматаша етташ, байа безарх а", - дийцина инарла прокуроро. Читать дальше...



Британин дипломаташ арабаха сацам бина Оьрсийчоьно

Radiomarsho.com 

Цхьанатоьхначу Паччахьаллин санкцешна дуьхьал Оьрсийчоьно Британин дипломаташ пачхьалкхера арабохур бу. Арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс дина ишта дIахьедар. Цкъачунна Лавровс билгал ца даьккхина, маса дипломат, маца Оьрсийчуьра дIавохуьйтур ву.

Оьрсийн эскархо вийна Шемахь

Radiomarsho.com 

22 шо долу Пономарев Владимир велла Шемахь. Оренбурган Orenday гIирсо дийцина Соль-Илецк гIалахь кху деношкахь цуьнан дIаволларх. Йозуш йоцчу CIT талламчийн тобан зерашца, Шема хьажийна вара Пономарев кадрашха эскаршлахь. Меттигерчу хаамийн гIирсаша дуьйцу, кIоштарчу администрацера лаккхарчу даржашкара хьаькамаш бара цуьнан тезетахь бохуш. Оцу юкъанна тIеман министралло цхьа а коммент ца йина Пономаревн валарх. Orenday-н информацица, Пономарев Владимир валарх дахначу кIиран кхааридийнахь Iорадаьлла. Читать дальше...

Министр: Вакцина ца йина хиларна 10 бер делла стохка Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Дахначу шарахь вакцинаци йина цахиларна 10 бер делла Нохчийчохь аьлла, журналисташца йоьдучу пресс-конференцехь махкарчу могушаллан министро Сулейманов Элхана. "Мехий тоьхначул тIаьхьа цунах хьовзам хуьлуш меттигаш а нисло, делахь а миллионна юкъахь цхьанна-шинна берана бен ца хуьлу зен, нагахь вакцинаци йинехь. Ткъа дукхахберш берашна вакцинаци ца йойтуш дуьхьал бовларан бахьанашца, цхьана шерачохь вайн 10 бер делла вайн", - дийцина министро. ТIаьххьарчу заманчохь Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а дуккхаъчу дайша... Читать дальше...

ООН-н сацамна тIех а бевлла, нохчо Оьрсийчоьне дIалуш ву Бакун Iедалша

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра схьаваьлла, террорхошца зIенашкахь хилла аьлла, Азербайджано 13 шо набахтехь а даккхийтина Такаев Сайд-Хьусейн гергарчу хенахь Оьрсийчоьне дIалур волуш ву аьлла, "Кавказ.Реалиига" хаийтина цуьнан Бакохарчу гергарчу наха. Маршо Радионо хьалхо яздира шен агIонашкахь Такаевн кхолламах. Бакъонашларъярхойн "Мемориал" центран информацица а догIуш, 2001-чу шеран бIаьста Дубин-юьртанна а, Чирийн эвланна а юкъерачу "Южный" олучу постехь чевнаш йинера цунна. Циггара оьрсийн эскархоша дарбан хIусаме а кхачийнера иза. Читать дальше...

Президент вазвеш митинг кхайкхийна Соьлжа-ГIалахь кIирандийнахь

Radiomarsho.com 

ТIедогIучу кIиран суьйранна Оьрсийчоьнан президентан харжамашна лерина Соьлжв-ГIалин юккъехь митинг кечъеш ю Нохчийчурчу Iедалша. Иза хир ю доккхачу декъанна Iедалан белхахойх. ХIинцале хьехархошна а, лоьрашна а, кхечу пачхьалкхан хьукматийн, урхаллийн бахархошна а тIедожийна, шайна гергарчу нахаца цхьана цигахь дакъалацар. ХIоттийначу митингехь вазвийр ву керла хаьржина президент.  Акци дIаяхьа лерина ю 8 сахьт даьлча сарахь, харжамийн юьхьанцара жамIаш къаьстинчул тIаьхьа.

Экстремистийн йозанаш даржорна Ростовн кхело хан кхайкхийна нохчочунна

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказан тIеман кхело Ростов гIалахь вехачу Нохчийчуьрчу вахархочунна Хордаев Джаддална социалан машанехь экстремистийн материалаш яржорна аьлла, набахтехь даккха 3 шо хан кхайкхийна. Терроризме а, экстремизме а кхайкхамаш бен видеороликаш а хIиттош, царна комментареш еш хилла цо. "Интерфакс-Юг" агенталле кхелан пресс-секретара Катькало Аленас бина и хаам.

"ГIаш лелар" тIедожийна Кадыровс махкарчу бахархошна

Radiomarsho.com 

"ВКонтактерчу" шен агIон тIехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "ГIаш лела" цхьана дийнахь машенчуьра охьа а восий аьлла, акци кхайкхийна, "Сайна тIера волавелла со. Iуьйранна гIаличухула гIаш чекх а ваьлла, балха веара со. Автомобилчуьра охьа а воьсина, гIаш лелар экологина а пайден ду. ЧIогIа самукъа а дели сан, цундела масо а сайгара масал эца кхойкху ас, гIаш дахарх #ГIашлела" аьлла, хештегаш а хIиттош, социалан машанехь зорбане яккха iшайн истори", - доьху Кадыровс.

Iамеркера Оьрсийчу оьхучу туристийн терахь 25 проценте даьлла

Radiomarsho.com 

Iамеркера Оьрсийчу оьхучу туристийн терахь стохка 25 проценте хьаладаьлла аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан туризман куьйгалхочо Сафонов Олега "Известия" газетанна еллачу интервьюхь. "Iамеркехь оьрсийн туристийн офисаш а йоццушехь, Iаламат эвсара динамика ю гойтург. Дахначу шеран 9 баттахь Оьрсийчоьнан дозанхойн хьесапца, цул хьалха хиллачу шерца дуьстича, 25 проценте кхиина", - аьлла Сафоновс. Ростуризман куьйгалхочо бахарехь, Оьрсийчоьнна дуьхьал ечу пропагандано Iамеркахойн интерес алсамйоккху кху пачхьалкхе. Читать дальше...



Москва

В Парке Горького вновь пройдет Московский детский фестиваль искусств «НЕБО»


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин сообщил об увеличении числа резидентов ОЭЗ «Технополис «Москва»



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Булат Окуджава

Тагильский художник Александр Иванов создал металлическую скульптуру Булата Окуджавы в честь 100-летия поэта   




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Инсайдер Карпов: "Спартак" выкупил Станковича у "Ференцвароша" за €200 тыс

Кто создает «креативный код» страны?

В Росгвардии стартовал чемпионат по боксу "Кубок Победы"


ATP

Стало известно, при каком условии Медведев может опуститься на 5-е место рейтинга ATP



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Киев

ABC: Зеленский недоволен результатами визита Блинкена в Киев



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России