Кхин дIа а лаьцна латтор ву Титиев
Кхиъ шина баттахь талламан изоляторехь латтор ву Титиев Оюб. Иштта сацам бина Старопромыслан кIоштан суьдо тахана шен хиллачу кхеташонехь.
Суьдхочо Минцаев Вахас кхерам бу аьлла хета шена элира Титиевс ша араваьлча оцу гIуллакхан тешашна а, талламхjшна а Iаткъам барна.
Стигалкъекъа-беттан 9 де тIекхаччалц яхйина бакъонашларъярхо чохь йоккхур йолу хан.