Явлинский Соьлж-ГIаларчу суьдехь тIехIоьттина Титиевна
Кхелан кхеташонехь дакъалоцуш ву леррина Титиевна гIортор ян Соьлж-ГIала веана Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалоцуш волу Явлинский Григорий. Суьдехь вист хилира вевзаш волу политик. Ша дошлардаран тоьшалла а хилла Титиев Оюб талламан изоляторера араваккхар дийхира цо.