Iамеркера Оьрсийчу оьхучу туристийн терахь 25 проценте даьлла
Iамеркера Оьрсийчу оьхучу туристийн терахь стохка 25 проценте хьаладаьлла аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан туризман куьйгалхочо Сафонов Олега "Известия" газетанна еллачу интервьюхь.
"Iамеркехь оьрсийн туристийн офисаш а йоццушехь, Iаламат эвсара динамика ю гойтург. Дахначу шеран 9 баттахь Оьрсийчоьнан дозанхойн хьесапца, цул хьалха хиллачу шерца дуьстича, 25 проценте кхиина", - аьлла Сафоновс.
Ростуризман куьйгалхочо бахарехь, Оьрсийчоьнна дуьхьал ечу пропагандано Iамеркахойн интерес алсамйоккху кху пачхьалкхе.
"Оьрсийчохь долчу хьолах доцург дуьйцу царна, ткъа оцу нехан лаам хуьлу и дерриг а шайн бIаьргашца зен", - аьлла, тIетоьхна Сафоновс.