Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Март
2018

Собчакана политикан тутмакхаш хетачу нахана юкъахь бац къилбаседа-кавказхой

0
Собчакана политикан тутмакхаш хетачу нахана юкъахь бац къилбаседа-кавказхой

Оьрсийчоьнан президентан дарж къовсуш хиллачу Собчак Ксенияс дIаделла харжамашкахь толам баьккхинчу карарчу хенахь цу даржехь волчу Путин Владимире политикан тутмакхаш шена хетачу нехан цIераш тIехь йолу кехат.

Цу нахана юкъахь ву 16 стаг, масала, оппозицин политикан Навальный Алексейн ваша Навальный Олег а, ЮКОС мехкадаьттан компанин белхахо хилла Пичгин Алексей а, 64 шо долу юкъараллан жигархо Мохнаткин Сергей а, иштта дIа кхин а. Амма Собчакан цIейозана юкъахь цхьа а Къилбаседа Кавказера вахархо цахилар билгалдоккху цу хаамна комментари йинчу журналисташа.

Цу юкъана, Маршо Радионо яздина ма хилара, дуьненаюкъарчу "Мемориал" центро шен тептара баьхначу политтутмакхийн терахь ду 228.

Царех еккъа ша политика бахьанехь набахтехь валлориг 46 стаг ву, динца доьзна чувоьллина кхобу – 97, набахте а кхачоза бехбечийн могIаршкахь – 39, "политика бахьанехь хьийзош болчух тера ду" аьллачу категорехь ву 46 стаг.

Оцу нахах 24 къилбаседа-кавказхо ву.

Багавутдинова Зарема - Дагестарнерчу Буйнакскера бакъоларъярхо. 5 шарна набахте хьажийна, стаг вере кхайкхина кхин стаг аьлла.

Барыляк Иван - Ставрополера белхало. 3,5 шо токхуш ву латарна бехке а вина.

Гериев Жалауди - Нохчийчоь, Шела. "Кавказан узел" агенталлан корреспондент. 3 шо токхуш ву "алсам барамехь наркотикаш лелорна".

Кудаев Расул – ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Прохладнера. "Нах байарна", "машенаш идорна", герз карахь терактехь дакъалацар", и. д. кх. .

Парпулов Петр –Сочехь авиадиспетчер волуш лецира, 12 шарна набахте хьажийна шпион ву аьлла.

Смышляев Максим – Ростоврчу "Макдоналдсан" белхахо, студент вара лоцучу хенахь, 10 шарна набахте хьажийна "терактна арабевллачарна гIодарна".

Титиев Ойб – "Мемориалан" Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхо. Ши бут хьалха лаьцна доларчу машенчохь "наркотикаш а карийна".

Дин бахьанехь набахтехь бохку кавказхой

Динах бахьана а дина, набахтешкахь кхобу политтутмакхаш берраш а санна бусалба нах бу, иттех оьрси а, кхечу къаьмнех болу керстанаш а ца лаьрча.

Ахтаханов ТахIир – Нохчийчоь, ТIехьа-Марта. 11 шарна набахте хьажийна, терактна кечлуш вара, герзаш лелийна, аьлла.

Дапаев Зиявдин – Дагестан, ХIинжа-ГIала, 4 шарна набахте кхачийн "магошйоцу динан юкъаралла кхолларна".

Исмаилов Шемал – Дагестан, ХIинжа-ГIала, лор-уролог, бусалбанийн «Хизб ут-Тахрир аль-Ислами» тобане валарна, "пачхьалкхехь карчамбан кечваларна" 10 хан тоьхна, царех 2 шо набахтехь а доккхуш, 100 000 гIуда а токхуш.

Калтуев Артур – ХIинжа-ГIала. 3 шо хан тоьхна «Хизб ут-Тахрир аль-Ислами» тобане валарна.

Калтуев Сухраб - ХIинжа-ГIала. 3 шо хан тоьхна «Хизб ут-Тахрир аль-Ислами» тобане валарна.

Курбанов Сайпула - ХIинжа-ГIала. «Хизб ут-Тахрир аль-Ислами» тобане валарна, "пачхьалкхехь карчамбан кечваларна" 8 хан тоьхна, царех 2 шо набахтехь а доккхуш, 150 000 гIуда а токхуш.

Магомедов Мохьмаднаби – Дагестанерчу Кироваулера. 4,5 шо токхуш ву нах "терроре кхайкхарна".

Магомедов Хирамохьмад - ХIинжа-ГIала. Йихкинчу динан тобанехь Iарна, карчамбан кечваларна, нах зуламаш дан кечбарна, герзаш лелорна, аьлла луьрачу хьелийн набахте кхачийна 9 шарна.

Махмудов ТIажиб – Дагестанерчу Ахтара. 13 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.

Рамазанов Ислам – Дербент. 11 шо хан тоьхна терактна кечваларна, герзаш лелорна.

Саралиев Эрсмак – Нохчийчоьнан Шуьйтан кIоштарчу Нихалара. ГIалмакхойчохь 11 шо хан тоьхна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.

Сулейманов Аслан – Нохчийчуьрчу Аьрга-Хишкара (Серноводск). 11 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.

Текилов Анзор – Нохчийчуьрчу Аьрга-Хишкара (Серноводск). 11 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.

Текилов Имран - Нохчийчуьрчу Аьрга-Хишкара (Серноводск). 12 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.

Текилов Артур - Нохчийчуьрчу Аьрга-Хишкара (Серноводск). 11 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.

Шавхалов Адам – ГIалгIайчоь, МаьлгIабекан кIоштарчу Махьма-ХитIара. 11 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.

Эсмурзаев Хосо - ГIалгIайчоь, МаьлгIабекан кIоштарчу Зязиков-Юьртара. 11





Губернаторы России
Москва

Собянин: Завод по производству препаратов из плазмы крови человека появится в РФ





Москва

Юлия Пересильд, московский Театр на Таганке, ММОМА – участники 3-его фестиваля «Территория. Красноярск» раскрывают грани современного искусства


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин поздравил всех социальных работников с профессиональным праздником



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Концерт

Концерт в музее им. П.И. Чайковского




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

В Швейцарии завершился чемпионат Европы по спортивной и фитнес-аэробике

Мастер-классы по созданию крафтовых украшений проходят в центре Москвы

Футбольная сборная России забила Белоруссии 4 безответных мяча


Александр Зверев

Зверев сыграет с Алькарасом в финале "Ролан Гаррос"



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России