Набахтехь шена ницкъ барх лаьцна дийцина суьдехь ГIалгIайчуьрчу вахархочо
![Набахтехь шена ницкъ барх лаьцна дийцина суьдехь ГIалгIайчуьрчу вахархочо](https://gdb.rferl.org/2036D6E6-91B6-4169-82E0-2E243655BCD4_w800_h450.jpg)
ГIалгIайчура вахархочунна Албогачиев Iабдулмаликана тIехь кхел ю дIайоьдуш Ростох, хаам "Кавказский узело". Цунна бехке дуьлуш ду 2015-чу шарахь Шемахь хиллачу тIемашкахь дакъалацар.
Прокуратуран версица, Албогачиев цхьана исламан тобанан декъашхо хилла, президентан Асад Башаран эскаршна дуьхьал летачу.
Кхел йоьдуш цу стага дIахьедар дина, шена набахташкахь йиттина, и бахьана долуш масийттоза госпиталшкахула чекхваьлла ша аьлла.
Албогачиевн адвокато иза Шемахь тIом беш хилла бохург талламхо харц лер а, цо шега кхоьллина хIума а ду аьлла.
РогIера суьдан кхеташо хир ю Охан-беттан 16-чу дийнахь.