Зуламхочо закъалтана нах лецна Францерчу Треб гIалахь
Герзаца хиллачу стага закъалтхой лецна Францин къилбехь йолчу Треб гIалахь. Цо дIахьедар дина, ша «Исламан пачхьалкх» тобанан агIонча ву аьлла.
Францин зорбанан гIирсаша яздарехь, вевзаш воцучу стага, полисхошна герз а тоьхна, туькана чу а иккхина, лецна закъалтхой. Reuters агенталло дийцарехь, верриг а 8 стаг ву цуьнан карахь. Полицино хаам бина царах цхьаъ вийна хиларх лаьцна.
Бохам хиллачу метте хьажийна Францин жандармерин антитерроран тоба. И кIошта гоне лаьцна ю. Францин премьер-министро Филипп Эдуарда дIахьедар дина, «хIоьттина хьал вуно луьра ду» аьлла.