"Шашлык-Машлык" фестивал хир ю юха а Соьлж-ГIалахь
![](https://gdb.rferl.org/AF7EA6C7-8AC7-4A08-8EF0-9FCCBFD4086B_cx0_cy1_cw0_w800_h450.png)
ШолгIа дуьненаюкъара шашлыкан фестивал хир ю Соьлж-ГIалахь Стигалкъекъа-беттан 5-чу дийнахь. Хууш ма хиллара, цуьнан цIе ю "Шашлык-Машлык" олу дуьненаюкъара туризман а, жигара садаIаран а фестивал.
КIегаш тIехь жижиг даттарал сов «Грозный-ситехь» Зезагийн паркехь хир йолчу фестивалехь кхача кечбаран говзалла гойтур ю кхачанчаша, иштта уьш къовсалур бу цхьацца даарш деш а.
Хьалхара «Шашлык-Машлык» фестивал хилира Соьлж-ГIалахь стохка Оханан- беттан 22-чу дийнахь.
Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийчура а, Къилбаседа Кавказерчу республикашкара а, Юккъерчу Азера а, ГIажаройчура а, Болгарера а, Сербера а, Испанера а, Эрмалойчура а, Гуьржийчура а, Азербайджанера а, кхин йолчу регионашкара а кIегашна тIехь жижиг датта говзалла йолу кхачанчаш.