Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Июль
2018

Радикализм – иза хIун ю?

0
Радикализм – иза хIун ю?

Гаджиева Зульфия

ХIинжа-ГIалахь хиллачу конференцин тема: хIун ю "радикализм", "экстремизм", юй къаьмнийн шайн маршонехьа къийса  бакъо?

Оьрсийчоьнан мегаполисашкара, Шемара, Туркойчуьра Дагестане баьхкинчу эксперташа йийцина дахаран агIонаш экам елахь а, яц тергамза йита торуш. Муьлхачу бахьанаша гIаттайо экстремизм, радикализмах муха ларъян еза къаьмнийн синмехаллаш Малхбалехь а, Къилбаседа Кавказехь а, хоьттура гуламхоша вовшашка.

"Экстремизм яьржинчу хьелашкахь къоман а, динан а ламасташ Iалашдаран перспектива" аьлла яра тема.

ТIаьххьара шераш тIедахккалц и тема хьеечара дукха хьолехь луш долу жоп цхьаъ дара: террор, экстремизм ницкъо бен ца къарйо. Амма ХIинжа-ГIала деношкахь гулбеллачу меттигерчу а, тIебаьхкинчу а тергамхошна къовсам тахана кхечу хорша берзо беза аьлла хета – "лоьралла лелор" хьалха а доккхуш.

"Дагестан экстремизмах цIанъеш меттигерчу а, федералан а Iедалша къастийначу некъаша дарба ца до. Талла деза, стенна яхъелла конфликт ", - аьлла хета "террорца къуьйсучу комитетан" (АТК) векална Магомедов Хьабибна.

Митингаша, форумаша, концепцеша, кхеташонаша цхьа а дарба луш дац, боху Магомедовс, "стенна еха терроризм Дагестанехь а, ерриг а Оьрсийчохь а" бохучу хаттарна жоп, бакъдерг а ца лечкъош, схьалаха деза.

Шен экспертна гина сурт иштта ду: Дагестанехь конфликташ 2000-гIачу шарахь гIевттира, "махка бухара ницкъхой байа 7-8 миллиард доллар хьажийча, сурт Косовохь санна дара – урамехь вуьйра милцо, Iедалера хьаькам".

Къоман а, динан а ламасташна вовшашца барт ца карабо, и конфликт тIамца къаьмнийн маршо къовсучу кепе ерзахь, генадер ду хьал, боху эксперто. "И хила сахьт дац, гIорасиз ю динан риторика ", - элира цо.

Цхьаболчу радикалаша, адам гIатторхьама, салафийа хилла а воцчу Шемал-Имаман цIе ловзо яьккхира, дагалоьцу Магомедовс.

Доьхнарг ду динан экстремизмца къийса арабаьхнарш атеисташ хилар, атеист "кхетар вац, ара а ваьлла, ша-шеца дерриг а эккхийта сацам бинчу стагах", - боху антитетерроран кхеташонан векало.

Социологин Iилманийн докторо Абдулагатов Заида шена Оьрсийчоьнан политикан дошамашкахь "ца карадо "экстремизм" термин нийса туьдуш, цундела пачхьалкхо ша резайоцург милла а воккху шен мостагIийн могIара", иза дика позици яц, элира.

Теологин институтан ректоран Чиркей юьртарчу гIовсо Джамалудинов Ахьмада шена го, бохура, радикалаша шайн структураш а, боламан кепаш а хийцина хилар.

"Цара духар хийцина, мажош дIаяьшна, хаза кафеш, садоIу меттигаш схьайоьллу, амма къайлах шайн кхетаме ийзабо нах", муфтиятна дуьхьалбоху, иза аьшнаш а еш, адам къахкадо махкахь дайшкара схьа лелачу тIерикъатах, - аьлла хета Джамалудиновна.

Къилбаседа Кавказерчу Исламан Талламийн Центран директоро Гереев Руслана ша саготта ву, элира, Дагестанехь 30 % бахархой, аьлча а, кегийнах, болх-некъ боцуш хиларна. Доккхачу декъанна, цаьрца дуьйлу дов пачхьалкхан, - боху цо.

"Оха вовшашлахь бегаш бо, Сургутехь дукхахчарна хаьа гIазгIумкийн мотт, олий. Цигахь кху шерашкахь дийнна ярташ ехкина гIазгIумкаша, ногIаша, гIумкаша", - хаамбира Гереевс.

Дагестанехь ханна деэшачунна, болхах хаьддачунна деш гIо дац, иза ду, бохура гуламхоша, цундела дIатосу мохк кегийчара.

Шога масалш лехьийна дуьнентIера ницкъхоша – Израилан зеделларг, масала.  Тухий-тухий, дагадо полицина герзца дуьхьалваьлларг чохь хаавелла цIа – ткъа иза харцо ю, Кавказна йогIуш кеп яц, билгалдаьккхира конференцин декъашхоша.





Губернаторы России
Москва

В Зеленограде появится производство альбумина и иммуноглобулина — Собянин





Москва

«Солнечная Азбука» в особом семейном центре «Семь-Я»


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

В Зеленограде появится производство альбумина и иммуноглобулина — Собянин



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Игорь Бутман

В Академическом открылась Школа джазовой импровизации Игоря Бутмана




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Поражения Шубенкова и Савлукова, осечка Кнороз и двойной триумф Макаренко: чем запомнился «Мемориал Знаменских»

Медийный баскетбол, киберспорт и турнир ММА: Константин Пухов рассказал о мероприятиях Международного центра бокса (Наташа)

Академия Плющенко требует почти два миллиона со сбежавшей от них юной спортсменки


Ролан Гаррос

Семнадцатилетняя Андреева впервые сыграет в полуфинале турнира Большого шлема



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Симферополь

Глава Росавиации: возобновление работы закрытых с начала СВО аэропортов пока не ожидается



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России