Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Июль
2018

Новости за 02.07.2018

Радикализм – иза хIун ю?

Radiomarsho.com 

Гаджиева Зульфия ХIинжа-ГIалахь хиллачу конференцин тема: хIун ю "радикализм", "экстремизм", юй къаьмнийн шайн маршонехьа къийса  бакъо? Оьрсийчоьнан мегаполисашкара, Шемара, Туркойчуьра Дагестане баьхкинчу эксперташа йийцина дахаран агIонаш экам елахь а, яц тергамза йита торуш. Муьлхачу бахьанаша гIаттайо экстремизм, радикализмах муха ларъян еза къаьмнийн синмехаллаш Малхбалехь а, Къилбаседа Кавказехь а, хоьттура гуламхоша вовшашка. "Экстремизм яьржинчу хьелашкахь къоман а, динан а ламасташ Iалашдаран перспектива" аьлла яра тема. Читать дальше...

Оьрсийчоьнца хийца кечбинчу тутмакхийн цIераш яьхна Украинас

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно набахтешкахь латточу Украинан бахархошца шаьш хийца кийча долчу 23 тутмакхан цIе яьккхина Лакхарчу Радан вице-спикеро Геращенко Иринас. "Одессехь, Харьковехь, Киевехь, Херсонехь, Тернополехь а теракташ кечдарна бехкебинарш а, ишта Донбассехь тIемашкахь лелларш, кхидолу зуламаш лелорна кхелан проццесаш дIайоьлху нах а бу уьш", - билгалдаьккхина Геращенкос. Ву царлахь украинхойн тIемалоша стохка аьхка Луганск йолчахь лаьцна Агеев Виктор а. Оьрсийчоьнан эскарехь дакъалоцуш контрактна куьйг ма яздди, Донбассе хьажийра ша аьллера цо. Читать дальше...



Керлачу Iедало гуьржийн полисхойн алапаш хьаладаьхна

Radiomarsho.com 

Тбилисерчу Хораван цIарахчу урамехь кхиазхой байарна дуьхьал йолийна хилла протестан акцеш йирзинчул тIаьхьа Гуьржийчохь дIахIоьттинчу Iедало 100 долларна лакхадаьхна ницкъаллийн структурийн белхахойн алапаш. Гуьржийн оппозицин лидеро, экс-президенто Саакашвили Михаила йоьдучу эфирехь дIакхайкхийра, ша пачхьалкхе юхавагIахь полисхойн алапаш шозза хьаладохур ду ша аьлла. Гуьйренан президентан харжамаш гергакхочучу хенахь Iедал а, оппозици а полисхой шайна тIехIиттийта гIерта оцу кепашца. Карабеанчу... Читать дальше...

Шуьйтан чIожехь жимстаг кIелхьарваьккхина орцанхоша

Radiomarsho.com 

Шуьйта кIоштахь Нохчийчуьрчу орцан министраллан белхахоша чIож чу воьжна ког кагбелла жимстаг кIелхьарваьккхина. Ламан ирах, чунехьа а долчу некъашкахула кегийрхойн тоба садаIа яхана хиллера. ЧIожех охьадогIучу хих дехьа бовлучу заманчохь 23 шо долу кIант галваьлла, ког а кагбеш чуваханера. ЦIеяйархошка а, орцанхошка а телефонаш йиттинера кIентан накъосташа гIо доьхуш. Пхеа сахьтехь гергга орцанхоша дIаяьхьначу операцехь аьтто хиллера кIант кIелхьарваккха. 30 сов стаг вара оцу операцехь дакъалоцуш... Читать дальше...

Iаьмнашкахь лаьхьанаш дебна аьлла, яьржина информаци бакъ ца йо орцан министралло

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь социалан машанехь инфрмаци яржийна махкарчу орцан министраллан цIарах Iаьмнашчохь текхаргаш ю дебна бохуш. И хаам бакъ цахиларх официалехь дIахьедо орцанхоша. Цара доьху бахархошка цу кепарчу дийцарех цатешар, оцу хьолах шайга телефонан етташ, линеш дIа ца юзар, дийцина Нохчийчуьрчу орцан министраллан зорбанчаша. Оцу юкъанна лехамашкахь ву бехкзуламан гIулллакх дуьхьал а даьккхина, и информаци дIасаяржийнарг. Шеконашкахь ву меттигера вахархо, банкан белхахо.

Меркелца барт цахиларна дарж дита лерина ву Германин министр

Radiomarsho.com 

Миграцин политикана тIехула канцлерца Меркель Ангелаца бартбацарна ший а дарж охьадилла ша резахилар дIахаийтина Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министро, Керстанийн-социалан юкъараллан хьалханчас Зеерхофер Хорста. Reuters агенталло бина и хаам, политикан дIахьедарна тIе а тевжаш. Германин дозанашкахь само а латтош, миграцин политика чIагIъян еза аьлла, тIедожийнера Меркелна Зеерхофера байначу баттахь. Евробератн лидершца кестолгIа Брюсселехь хиллачу саммитехь дийцаредина некъаш доллушехь, Германера цхьа дакъа мухIажирш ара ца баьхча... Читать дальше...

"Ливерпулца" керла контракт дина Салахьа

Radiomarsho.com 

Мисаран футболан лидеро Салахь Мухьаммада "Ливерпулца" керлачу контрактна куьйгяздина, хаамбо"Би-би-си-но". "Рома" олучу тобана юкъара дехьаваьлла 26 шо долчу футболхо ингалсан клубе. "Ливерпулехь" ловзучу юкъанна 52 матчехь 44 кевнаш чу буьрка тоьхна цо. Оьрсийчоьнан футболан чемпионат йоьдучу заманчохь Соьлжа-ГIалахь куп тоьхнера Мисарарчу футболан тобано.



Испани эшор даздо Оьрсийчуьрчу фанаташа

Radiomarsho.com 

Хир ду ала а доцург – шай пачхьалкхерчу футболан тобано Испани эшор – доггах даздира Оьрсийчуьрчу фанаташа. Букъбинера некъаш машенаша а, байракхаш карахь толам базбан арабевлачара а.

Эксперташ: Оьрсийчуьра 31 процент кегийрхой кхечу пачхьалкхашкахь баха лууш бу

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу пхеа шерачохь лакхадаьлла Оьрсийчуьра бовда луучу кегийрхойн терахь. Пачхьалкхерчу бахархошна хетарг толлучу центро (ВЦИОМ) динчу зерашца, кхечу пачхьалкхашка дIасабаха лаам болуш бу 18 шарера 24 шаре бевлла 31 процент кегийрхой, хааме даьккхина РБК агенталло. Массо а бахархошлахь бинчу хаттамехь 10 проценто дIахьедина, шайна Оьрсийчуьра дIабаха лаар. Бахархоша къасточу пачхьалкхашлахь ю Германи. Цигахь дIатарвала хьаьгна ву 16 процент. Цунна тIаьхьа хаьржина Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ а, Испани а, Канада а, Итали а. Читать дальше...

Боксеран Мухьаммад Iелин цIарах проспект тоеш ю Соьлжа-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалара Мухьаммад Iелин цIарахчу проспектехь белхаш болийна, меттигаш куьце ялош. Iалашо ю цу проспектехь машенаш дIасалела некъаш шордан а, некъахой дIасалоьлучу некъа тIера экъанаш хийца а, гIалин бахархошна садоIийлаш нисъян а, берийн майданаш а, баккхийчарна спортан хьелаш нисдан а, вилспеташ хехка некъаш дан а. Ишта битаме ялош ю йохка -эцаран объекташ а. Боксеран Мухьаммад Iелин цIарах проспект тобинчул тIаьхьа, шахьарахь уггар а тоьллачух хир бу аьлла, тIелаьцна гIалин мэрино.

Бахархошка хица бала хьегийтарна дIаваьккхина гIалгIайн "Водоканалан" куьйгалхо

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека бехкбоккхуш, балхара дIаваьккхина "Водоканалан" куьйгалхо Дзейтов Муслим, аьхкенан хенахь бахархошка хица къоьлла хьегийтарна. Социалан машанашкахь хинан бала хьоьгучу ярташлахь ягарйинера Плиево а, Троицкий а, Керла Редант а. Дзейтов даржера вохо сацамбира гIалгIайн куьйгалхочо Несарахь хинан резервуараш лаьттачу меттигехь дIаяьхьначу кхеташонехь. Дзейтовн балхана ша резавацар дIа а хоуьйтуш, хIора шарахь аьхка бахархоша хица бала хьоьгий хуучу регионерчу... Читать дальше...

Соьлжа-ГIалахь керла килс ян Iалашо ю Iедалхойн

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалахь керла кхин цхьаъ ортодоксан килс хьалайотта йоло Iалашо ю Нохчийсоьнан Iедалхойн. "Соьлжа-ГIалахь керла килс хьалаяр тIедиллина кху деношкахь Кадыров Рамзана министрийн кабинетна а, гIалин мэрина а", - аьлла хаамбина Iедалхойн векало. Цо бахарехь, шахьаран юккъехь ян йолор йолуш ю килс. Оцу юкъанна даре ца дина, хьенан чоьтах еш ю а, маца белхаш дIаболо лерина а. Официалан терахьашца республикехь вехаш ву 17 эзар оьрсий, царех 9 эзар Соьлжа-ГIалахь дIатарвелла веха, хаамбо Нохчийчоьнан... Читать дальше...



Москва

РОССИЯ И КИТАЙ: В МИРЕ ВОЗМОЖНА ГЕГЕМОНИЯ ЛИШЬ ИНТЕРЕСА НАРОДА, ЗАКОНА, ИСТИНЫ И СПРАВЕДЛИВОСТИ.


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин сообщил об увеличении числа резидентов ОЭЗ «Технополис «Москва»



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Сергей Шнуров

Mash: певец Сергей Шнуров задолжал ФНС больше 4,5 млн рублей




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

В Росгвардии стартовал чемпионат по боксу "Кубок Победы"

Юные шахматисты Союза армян Чувашии посвятили турнир Году семьи и Дню защиты детей

Инсайдер Карпов: "Спартак" выкупил Станковича у "Ференцвароша" за €200 тыс


WTA

Соболенко вышла в полуфинал турнира WTA в Риме



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Учились вместе, но чувств сначала не было: влюбленные в чувашских костюмах поженились в Москве



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России