Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Июль
2018

Новости за 11.07.2018

"Юхадаккха Украинана дина тIелатар" аьлла ПА ОБСЕ-но Оьрсийчоьне

Radiomarsho.com 

Европан кхерамзаллехула а, цхьаьнаболхбарехула а йолчу парламентан ассамблейн организацино (ПА ОБСЕ) Оьрсийчоьне кхайкхамбина "аннекси юха а яккха, Украинана дуьхьал агресси а сацае" аьлла. Кхааридийнахь тIеэцна, сайте даьхначу кехаташлахь ду и дIахьедар а. Ши документ ГIирмерчу ахгIайрех хьакхалуш ду, цхьаъ Къилба ХIиричуьрчу конфликтан 10 шо кхачарх. Депутаташа дийцарехь, ПА ОБСЕ-но емалдо оьрсийн Iедалхоша гIирмахошлахь низамаш хьешар, даржехь харцонаш, дискриминаци лелор. Парламентан ассамблейно... Читать дальше...

Нохчийчоьнан дозанал арахьа веха 150 вахархо цIаверзор ву

Radiomarsho.com 

Кхечу пачхьалкхашкара махкахой цIаберзош хIоттийначу программи юкъа кху шара дуьххьара нисбелла Кхарачойн-Чергазийчоьнан а, Нохчийчоьнан а бахархой. Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс бина и хаам, Къилбаседа-Кавказан федералан гонашкарчу социалан-экономикан хьал кхиорехула йолчу комиссин кхеташонехь. Медведевс бахарехь, 2018-чу шарера 2020-гIа шо тIекхаччалц Нохчийчу юхавоьрзур ву 150 вахархо, Кхарачойн Чергазийчу 375 стаг. "Тахана белхаш боькъучохь уггар а оьшуш болу лаккхара похIма долу говзанчаш бу царлахь... Читать дальше...

Хазбиевн хьокъехь хеттарш дийр ду кхело Евкуровга

Radiomarsho.com 

Оппозиционеран Хазбиев Мохьмадан гIуллакхан хьокъехь хеттарш дийр ду Магасан кхелахоша мехкан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке. Хазбиевн интересаш йовзуьйтучу "Агора" бакъонашларъяран организацехь "Кавказ.Реалии" портале дийцарца, кхааридийнахь хир йолуш ю кхелан кхеташо. Республикан куьйгалхочуьнга а, Iедалехь болчу хьаькамашка а, кхелан системан векалшка а, полисхошка а цабезам гIатторна а, бакъо йоцуш герз лелорна а бехкевеш ву Хазбиев Мохьмад. Кхо шо хьалха меттигерчу Iедалхошна а, ницкъахошна... Читать дальше...

Кадыровн дош кагдина Басков Николайс

Radiomarsho.com 

Стохка аьхка дийца даьккхира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан винчу дийнахь Лопырева Виктория а ялийна, Соьлжа-ГIалахь доккха той хIотто дош даларх Оьрсийчоьнан шоумено Басков Николайс. Ловзар юкъахделира, артистан ненада кхалхарца. ХIетахь нускало Лопыревас чIагIо йира Оьрсийчохь дIахьон йолу футболан дуьненан чемпионат йирзинчул тIахьа, юха де билгалдоккхур ду шаьш аьлла. Ткъа чемпионат йолаелча Лопыревас дIахьедира, нагахь оьрсийн тобано оцу къовсамехь толам баккхахь ша маре гIур ю Басковга аьлла. Читать дальше...

Германи Оьрсийчоьнца тIех дика хилар ца тов Трампна

Radiomarsho.com 

Iамеркан Штатийн президенто бехкбаьккхина Германига, иза тIех сов йозу Оьрсийчоьнах, аьтто бо цунна бахам кхион, массарел дукха оьцу цуьнгара газ, мехкдаьтта, аьлла. Цу тIе, Германина кхерамзалла латтайо Атлантикан альянсо, иза цуьнан декъашхо хиларе терра, цундела Берлин декхаре ю ша НАТО хьажош долу ахча совдаккха, аьлла Трамп Доналда Брюсселехь йоьдучу альянсан саммитехь.

Зударийн пенсе боьлху хан 60 шаре охьаяккха тарло

Radiomarsho.com 

Зударийн пенсе боьлху хан 60 шаре охьаяккха тарло пачхьалкхан Думехь низаман проект зийначул тIаьхьа аьлла, хаамбина "Интерфакс" агенталле парламентерчу церан хьостано. Делахь а, цара бахарехь, пенсин воьду хан тIетухучу низаман проектехь кхи баккхий хийцамаш хир бац дуьххьарчу ладегIаршкахь. Парламенто билгалдаккхарца, хIинца йийцареен кеп ю, зудчун пенси йоьду хан шина-кхаа шарна охьайоккхуш. Делахь а, цу хьокъехь сацам хилла баьлла бац, дукхахдерг доьзна ду экспертийн гонашкахь документах йистяккхарца. Читать дальше...

Депутатан ахча даьхьнарш лоьху полисхоша

Radiomarsho.com 

Кху деношкахь Москох йиттинчу Пачхьалкхан Думан депутатан Жигарев Сергейн хилла езар 24 шо долу Казанера модел Синтюрева Ольга лаьцна полисхоша. Талламхойн версица, шен тIехьийзачу Нохчийчуьрчу Тимурца юкъахь ахча даьхьна хила тарло цо Жигарев соцучу отелерчу сейфчуьра. "Марриот" отелан хIусамчуьра 30 миллион сом а, 1500 эзар долларш а даьхьнарг и шиъ дуй хьовсуш, толлуш ду полисхоша, яздо Life.ru хьостано. ХIиттийначу камераша гойтуш ду Ольгех а, Тимурах а тера зудий, стаггий. Маршо Радионо яздира... Читать дальше...

300 хIусам серлонех хьегош ю Нохчийчохь Iедалхоша

Radiomarsho.com 

Дийнна байначу баттахь бахархошкара тоьках ахча гулдеш леллачу коммуналан белхахойн вовшахкхеттарг 74 миллион сом ду, дIахадийна серлонах 300 хIусам. Энергетикаша махкахь рейдаш дIаяхьарх яздира Маршо Радионо шен агIонашкахь, "Кавказан узел" агенталлан хаамех пайда а оьцуш. Хьостано чIагIдарца, бахархоша аьрзнаш дора, шайца Iедалан белхахой шога хиларх, бух боцу претензеш дуьхьаляхарх. ГIалин мэрин статистикаца, тоьках декхар тIехь дуьсу хIинца а 35 процент бахархошна. Энергокомпанин белхахоша билгаладккхарца... Читать дальше...

Титиев Аюб Страсбурган кхеле ваьлла

Radiomarsho.com 

"Коммерсанто" хаамбарца, Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" центран куьйгалхочо Титиев Аюба Европан адамийн бакъонашкахула йолчу  кхеле арздина, ша политикан бух тIехь дуьхьалдаьккхинчу гIуллакхца чохь латтош хиларх. "Мемориалан" юристаша бахарехь, бакъонашларъярхочун довхаттарехь оьрсийн Iедалхоша Европан конвенцин 5-гIа а, 8-гIа а артиклаш (маршонан а, политикан Iалашонца бехкзуламан гIуллакх дуьхьалдаккхаран а) ца лерина хилар. Шеларчу кхело оршотдийнахь Титиев чохь вуьту хан эхашарна дIаяхйинчул тIаьхьа... Читать дальше...

Муцураев Тимуран иллешка ладоьгIнарш жоьпалле озийна

Radiomarsho.com 

Теркйист кIоштарчу прокуратурана "Интернет" машанехь мониторинг ечу хенахь гучудаьлла, меттигерчу шина вахархочо "ВКонтакте" олучу социалан машанехь бардан Муцураев Тимуран кхелан сацамца дихкина иллеш даржош хилар. Республикерчу прокуратуран сайт тIехь бина и хаам. Шина теркхочунна дуьхьал гIуллакх айдина, экстремистийн материалаш яржорна жоьпалла доьху.  "Кавказан узел" агенталлан зерашца, тIаьххьарчу шина шерачохь 19 стагна дуьхьал даьккхина административан гIуллакх, экстремистийн лерина, федералан... Читать дальше...

12 шо долчу кIентан карах бер делла Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хааме даьккхина, 12 шо долчу кIанта лелочу машенан буха ши шо кхаьчна кIант вахар. Грозненск кIоштарчу Октябран эвлахь хилла и некъан бохам. Дега а ца хоттуш, машенан догIанаш схьа а эцна, машен хахка вахана цуьнан кIант-кхиазхо, дийцина "Кавказан узел" агенталле министраллан векало. "Шен гергарчу нахе хьошалгIа веана хилла меттигера вахархо. Арахь дIахIоттийна лаьттачу цуьнан машенан догIанаш схьа а эцна хилла цуьнан 12 шаре ваьллачу доьзалхочо. Читать дальше...




Губернаторы России
103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России