6 шо хан тоьхна пурстоьпашна дуьхьал граната коьссинчу зудчунна
Абхазин шахьаран яхархо Хачатурян Арусяк набахте хьажийна граната кхоссарна. Сацам тIеэцна мехкан Лакхарчу кхело.
Нах байа гIортар, шен боцу бахам хIаллакбар, кхин а массех бехк бу и за набахте кхачийнарг.
Дахна шо довш дара низам а талхош дина цIено дохо бахначу пурстоьпашна, полисхошна дуьхьал 68 шо долчу зудчо граната кхоьссича. Шен кхо лулахо - Романовский Георгий а, пурстоьпаш Сакания Виктория а, Ахсалба Астамур а лазийра цо.