Мачаликашвили: медиа-тIом болийна тхоьца Iедало
Иштта дас дуьйцу, шаьш ПIаьнказахь цIий Iанош, дIаяьхьна спецопераци бакъъян гIертачу Iедалхоша шен кIант Чатаев Ахьмадца юкъарлонашкахь хилла бохуш, даржош хилар. Террорхо хилла бохуш, бехкевинчу Чатаевца Темирлан гергарлонехь хилла аьлла а яьржира информаци хаамийн гIирсашкахь.
Мачаликашвили Темирлана шен телефон тIера бахьийтина хIара хаам бохуш, "истишхад" (тIеман я терроран операцешкахь ша шена тохардар) дош лелош, йозанаш а Iорадехира "Имеди" телекомпанин программехь.
Телехьожийло чIагIдарца, Темирлана а, Чатаевс а вовшашка дIасакхехьийтина хаамаш юхаметтахIоттийнера кIант веллачул тIаьхьа, хаамбо Маршо Радион гуьржийн сервисо.
