Нохчийчуьрчу мухIажирийн берашна лерина керла школа ю ГIалгIайчохь схьаелла кечъеш
Нохчийчуьра тIебаьхкинчу мухIажиршна аьлла, республикехь 2013-чу шарера 2016-чу шаре кхаччалц дукха петарех лаьтта 17 цIа хьаладина, царех исс цIа Яндарехь, бархI Назранехь ду.
Официалан терахьашца, 1990-чу шерашкахь луларчу республикехь тIемаш буьйлабелча, оцу махкара 3 эзар гергга мухIажир кхечира ГIалгIайчу. ТIемаш бирзинчул тIаьхьа цхьаболучарна ца лиира даймахка юхабаха.
