Колонехь шайна еттарна латкъам бина ГIирмерчу тутмакхаша
![Колонехь шайна еттарна латкъам бина ГIирмерчу тутмакхаша](https://gdb.rferl.org/E3B99694-F7B4-492D-A46A-8ADE8F4F9D49_w800_h450.jpg)
Оьрсийчоьно нуьцкъала дIалаьцначу ГIирмехь Керч гIаларчу номер 2 йолчу колонехь хан токхучу 70 сов тутмакхо латкъам бина, администрацин белхахоша шайна етта аьлла.
Цара дийцарехь, тутмакхашна ницкъ бо видеокамераш йоцучу чоьнашна чу а буьгуш. Царна юкъахь ю хадечу декъан чоь а, гIуданан изоляторе вуьгуш таллам бо чоь а, цхьацца колонин хьашташна оьшург латтон чоьнаш а.
Чубоьхкинчарна етташ а, уьш хьийзош а даима а дакъалоцуш хуьлу номер 3 йолчу тобан коьрта гIуллакхдархо Фомин Михаил а, карантинан декъан коьрта гIуллакхдархо Энвер-оглы Бекир Ахмет а.
ХIора денна етташ хьийзош шаьш хиларна, ша шена тIе куьг дахьа а гIоьртина цигахь ши тутмакх.
Прокуратуро таллам болийна колонехь.