Трамп: Оьрсийчоь харжамашна юкъагIортар таллар сацо деза
![Трамп: Оьрсийчоь харжамашна юкъагIортар таллар сацо деза](https://gdb.rferl.org/AA4DE57A-7BDC-465F-B7A1-BA4BEC1F4EFF_cx0_cy9_cw0_w800_h450.jpg)
Оьрсийчоь Iамеркерчу харжамашна юкъагIортар таллар сихонца сацаде аьлла инарлин прокуроре Сешнс Джеффе президенто Трамп Доналда. Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто юха а билгалдаьккхина и таллам бар "гIемаш таллар" ду, ткъа и таллам дIахьош волу леррина прокуророр Мюллер Роберт "Iамеркан эхь" ду аьлла.Цунах лаьцна Трампа яздина твиттерехь.
Вашингтоно бехке еш ю Оьрсийчоь 2016-чу шарахь Iамеркехь хиллачу президентан харжамашна юкъагIортарна. Кхаарин дийнахь цу гIуллакхехула кхел йолийна Трампан гIоьнча хиллачу Манафорт Полана тIехь.
Iамеркан президенто харц до, ша Кремлца барт бина хилла бохург. Москох а тIе ца дуьту харжамашна Оьрсийчоь юкъагIоьртина хилар.