Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Август
2018

Новости за 20.08.2018

Daily Storm: Нохчийчохь тIелатарш динарш Шелан кIоштара хилла

Radiomarsho.com 

Низамаш лардечу органашна хиъна Нохчийчохь тIелетарш вовшатоьхнарг мила ву, хаам бо Dailystorm.ru сайто. Иза хилла 18 шо долу Мусаев Мохьмад. 2016-чу шарахь иза лаьцна хилла Дацаев Iимрана куьйгалла дечу "Исламан пачхьалкх" тобанан декъан кхин болу декъашхошца цхьаьна. Daily Storm-о чагIдарехь, цу хенахь Мусаев дIахецна хилла, жима ву аьлла жоьпе ца озош. Цу хенахь цуьнан хилла 16 шо. Нохчийчохь Марсхьокху-беттан 20-чохь дерриг а 4 тIелатар динарш Шелан кIоштара бу. Iуьйранна 10 сахьт долуш шина... Читать дальше...

Венера я Берлинера нохчий бац хьагна Путин ган

Radiomarsho.com 

Путин Европе (Австре а, Германе а) вахар шина маьIнехь туьду Оьрсийчуьрчуй, Европерчуй бахархоша. Оьрсийчоьнна шен президент дуьненаюкъарчу политиках цахедийла лаахь а, цигахь лелачу харцонах бевдда Европе баьхкинчу мухIажиршна ца тов Путин шаьш дехачу мехкашка лесташ. Австрера нохчий реза бац иза деношкахь Австре кхачарна, ткъа Германера нохчий протесте а тIехь бевлира оцу хьокъехь. Маршо Радионна шайна хетарг довзийтира массех шо хьалха Оьрсийчуьра веддачу шина адвокато, Австречу Садаханов Зоврбека а, Германерчу Арцуев Аслана а.

Кадыров: Церан Iалашо яра ГIурбанан дезаде кхоло

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь тIелетарш динчу нехан Iалашо яра "дезаде кхоло, юкъараллехь даккхийн хабарш дийцита, Нохчийчуьрчу бахархошна ГIурба дарца йоьзна мероприятеш дIаяхьа новкъарло ян", тешна ву республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан, хаам бо "Чечня сегодня" агенталло. Полицин белхахой сема хиларна и нах цу Iалашоне ца кхаьчна аьлла, хета Кадыровна. Цуьнан версица а догIуш, цхьана стага ша эккхийтина, амма иза, дийна а висина, дIакхачийна ву дарбанан хIусаме. Шелахь лазийна ву ши полисхо, Соьлж-ГIалахь а лазийна некъан полицин белхахой. Читать дальше...

Зорбанан гIирсаш: Полисхошна масийтта тIелатар дина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Некъан полицин инспекторшна тIе машен тоьхна Соьлж-ГIалахь Mercedes машенна урхалла деш хиллачу стага, яздо Кавказ.Реалиино. Telegram масийтта канало бинчу хаамца, машенлелорхошо некъан низам дохийна аьлла, иза сацо гIерташ хилла полицин белхахой, герз а детташ. AnnaNews сайто дийцарехь, Mercedes-на урхалла деш хилла стаг вийна. Иштта вийна цу машена чохь хилла 11 шо долу кIант а.   Машенлелорхо мила ву хиъна, боху Кавказ.Реалиино. Иза ву 17 шо долу Ахматханов Iела, 2001-чу шарахь Гуьмсехь... Читать дальше...

Киллер: Ас видео йоккхур ю хьан гергарчарна дан деззарг деш

Radiomarsho.com 

Михальченко Лидия   Ломаев Муса - Финляндехь веха мухIажир. Кхерам тосуш хаам хьажийна цуьнга цхьана вевзаш волчу киллеро (я цуьнан цIарца ша вовзуьйтучо). Бакъоларъечу "Мемориал" юкъаралло а, "Iазапна дуьхьаллаьттачу комитето" а ("Комитет против пыток") бегаше доцучех лору и хьал. Каляпин Игора, "Iазапна дуьхьаллаьттачу комитетан" куьйгалхочо ша кийча ву, аьлла, Ломаевна лаахь, юридикан гIо кхачо. "Социалан машанашкахула туьйсу суна кхерамаш", - боху Ломаев Мусас. Бахьана ду, гарехь, цо Нохчийчуьрчу Iедална кест-кеста... Читать дальше...

Килер: Ас видео йоккхур ю хьан гергарчарна дан деззарг деш

Radiomarsho.com 

Михальченко Лидия   Ломаев Муса - Финляндехь веха мухIажир. Кхерам тосуш хаам хьажийна цуьнга цхьана вевзаш волчу киллеро (я цуьнан цIарца ша вовзуьйтучо). Бакъоларъечу "Мемориал" юкъаралло а, "Iазапна дуьхьаллаьттачу комитето" а ("Комитет против пыток") бегаше доцучех лору и хьал. Каляпин Игора, "Iазапна дуьхьаллаьттачу комитетан" куьйгалхочо ша кийча ву, аьлла, Ломаевна лаахь, юридикан гIо кхачо. "Социалан машанашкахула туьйсу суна кхерамаш", - боху Ломаев Мусас. Бахьана ду, гарехь, цо Нохчийчуьрчу Iедална кест-кеста... Читать дальше...

Пасторан Брансонан кхоллам хьокъехь туркоша кховдийна некъ юхатоьхна Iамерко

Radiomarsho.com 

Iамерко тIе ца эцна, Iамеркан пастор Брансон Эндрю дIахецарна дуьхьал туркойн пачхьалкхан Halkbank (Халкбанк) банкана ГIажарийчоьнна кхайкхийна санкцийн раж йохорна миллиардашкахь тоьхна гIуда дIадаккха аьлла, Туркойчоьно кховдийнарг. "Дерриг а хаттарш къасто мегар ду, Брансон маьрша ваьллачул тIаьхьа", - дIахьедар дина The Wall Street Journal-е Iамеркан администрацин лаккхарчу даржехь волчу Iедалхочо. "Цхьа а бехк боцу стаг дIахецарна цхьа а ахча лур дац оха, амма Тукройчоьнца йолу юкъаметтигаш дIахедор ю"... Читать дальше...



Оьрсийчоьхь роуминг дIайоккхур ю гергарчу 11 дийнахь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу мобилан зIенан операторша - «Мегафоно» а, «Вымпелкомо» а, МТС-о а, Tele2 а  - роуминг дIайоккхур ю Гезгмашин-беттан 1-ра де тIекхачале, хаам бо ТАСС агенталло. «Вымпелкомо» роуминг дIаяккха йолор ю тахана дуьйна, МТС-а иза дIайоккхур ю кху беттан 30-чохь, ткъа  «Мегафоно» - Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь. Tele2 мобилан операторан векалша хаам бина шаьш и болх дIаберзор бу кху беттан 31-чу дийнахь аьлла. Кху шарахь Товбеца-беттан 10-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Госдуман депутаташа тIеийцира... Читать дальше...

Схьакарийна Соьлж-ГIалахь вайна ши шича

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь вайна ши шича 29 шо долу Масаров Расул а, 26 шо долу Масаров Iадлан а схьакарийна, хаам бо Vayfond цIе йолчу Нохчийчуьрчу гIо-накъосталлан а, бакъонашларъярхойн а цхьаьнакхетаралло. "И шиъ Соьлж-ГIаларчу Заводан кIоштан РОВД-хь хилла. Тхан хьастанаша бинчу хаамца, гергарнаш 2-3-зза чекхбелла хилла массо а (полицин) дакъошкахула. Амма массанхьа а олуш хилла МасаровгIара шайгахь бац, оццу Заводан кIоштарчу РОВД-хь цхьана", -  Vayfond инстаграмерчу агонехь яздина.   Болчу хаамца... Читать дальше...

Полицехь карийна Соьлж-ГIалахь вайна ши шича

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь вайна ши шича 29 шо долу Масаров Расул а, 26 шо долу Масаров Iадлан а схьакарийна, хаам бо Vayfond цIе йолчу Нохчийчуьрчу гIо-накъосталлан а, бакъонашларъярхойн а цхьаьнакхетаралло. "И шиъ Соьлж-ГIаларчу Заводан кIоштан РОВД-хь хилла. Тхан хьастанаша бинчу хаамца, гергарнаш 2-3-зза чекхбелла хилла массо а (полицин) дакъошкахула. Амма массанхьа а олуш хилла МасаровгIара шайгахь бац, оццу Заводан кIоштарчу РОВД-хь цхьана", -  Vayfond инстаграмерчу агонехь яздина.   Болчу хаамца... Читать дальше...

Iамеркан векаллина герз диттина Хонкарахь

Radiomarsho.com 

Бевзаш боцчу наха оршотан дийнахь Хонкарахь герз диттина Iамеркан Туркойчуьрчу векалаллина. Полицино бинчу хаамца, вийна-лазийна стагга а вац. Герз диттина векалаллина уллех йолучу машенчуьра. Масийтта дендарг кхетта хехойн буткина. ТIелетар динарш къайлабевлла. Векалалла кху деношкахь болх беш яц, ГIурба деш бусулба дезаденош хиларна. И инцидент хилла Iамеркан а, Туркойчоьнан а юкъаметтигаш цIеххьана телхина йогIуш а йолуш. Вашингтоно дIахецар доьху туркоша, махкахь карчам бан гIортарца уьйраш йолуш ву аьлла... Читать дальше...

СагIийна 15 тонн хьечаш даийтина Нохчийчу Эрмалойчуьрчу бизнесхочо

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Республикан доттагIчо Эрмалойчуьрчу бизнесхочо Петросян Норика сагIийна 15 тонн хьечаш даийтина республикерчу бахархошна, хаам бо "Чечня сегодня" агенталло. Иза дуьххьара деш дац цо. ХIора шарахь нохчийн берашна совгIаташ а, стоьмаш а боуьйту бизнесхочо, яздо агенталло. Петросянан сагIа дIасадекъна Нохчийчуьрчу бахархошна юкъахь.

СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхе кхаьчна Кадыров

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана «ВКонтакте» хаам бина, ша СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхе кхаьчна хиларх лаьцна. Цигахь иза дагахь ву паччахьца бен Абдель Азиз Аль Сауд Салманца а, паччахьалла караэца кечвинчу принц волчу бен Салман Мухьаммедца а цхьаьнакхета, яздо  РИА «Новости» агенталло. Кадыровс хаам бина, Джиддерчу аэропортера Макка Хьаьж дан вахана ша аьлла.

Хи чу а яхана, 10 шо долу йоI елла Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Бохам хилла Соьлж-ГIалан Заводан кIоштахь. Болчу хаамца, йоI луьйчуш хилла Соьлжи чохь. Хи чу яхана йоI а, кхин бераш а луьйчуш хилла иза дан кхераме доцчу меттехь. Таллам болийна прокуратуро.

Хьаьж деш уггаре деза долу Iарафатан де

Radiomarsho.com 

Iарафатан де - шерачохь уггар дезачех лоруш ду. Къаьсттина кху дийнахь йина Iамал дуккха а сов йолу, дуьйцу Динан дайша... ХIара видео дуьххьара зорбне яькхинера 2017-чу шарахь.




Губернаторы России
103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России