Макгрегор летар ву Нурмагомедовца ГIадужу-беттан 6-чу дийнахь
Нурмагомедов карарчу хенахь UFC-н (яй йозалла) чемпион ву. Шен карьерехь ца эшна иза цкъа а.
Ирландхо Макгрегор чемпион ву, ах яйн йозаллехь леташ волу. Шен карьерехь иза кхузза эшна.
Кхушеран Охан-баттахь Нью-Йоркехь Макгрегора тIелатар дира Нурмагомедов чохь волчу автобусна. Латархо лецира полицино. Иза къера хилира ша бехке хиларна. И бахьана долуш Макгрегорна дина таIзар малдира, 5 дийнахь белхаш бан а, оьгIазаллана Iуналла даран курсех чекхвала а иза декхарехь а вина.
