Мокох дIакхачийна Африкехь байинчу журналистийн декъий
Юккъерчу Африкан Республикехь вийначу Джемал Орханан а, Расторгуев Александран а, Радченко Кириллан а декъий дIакхачийна Москох. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло.
Тезет хир ду кху беттан 8-чохь. Оццу дийнахь дIавуллур ву Джемал а, Рсторгуев а, Радченко а.
Вагнеран тIеман компанех лаьцна таллам бар Iалашонца вахана волу Оьрсийчуьра кхо журналист вийна Товбеца-беттан 30-чу дийнахь, Юккъерчу Африкан Республикехь. Иза билггала муха хилла хууш дац.