Туркменехь журналисташ хьийзор емалдина Маршо Радионо
Оцу юкъанна президенто билгалдоккху, цул тIаьхьа 12 шо даьлча а, Туркменехь журналисташ, шайлахь Ачилова Солтан а, Непескулиев Сапармамед а, Язмухамедов Ровшен а, Аллашов Худайберды а волуш, Iедалхоша хьийзош хилар, шайн профессионалан декхар кхочушдарехь новкъарлонаш еш. Кента кхайкхамбо, журналисташ маьрша болхбан бита аьлла.
Мурадова Огулсапар бакъонашларъяран "Туркменин Хельсинкин фонд" организаци кхоьллинчех яра. 2004-чу шарахь дуьйнна Маршо Радион туркменхойн сервисехь болх беш яра иза. 2006-чу шарахь лецира иза, Iедалхоша тIаьхьо шпионаш леринчу францхойн журналисташца къамел хиллачул тIаьхьа.
Бакъонашларъярхоша даредарца, хIоттийна протокол а доцуш, дуьхьалбаьккхина бехк а боцуш лаьцнера иза. Цунна тIе ца буьтура я адвокаташ а. Ашхабадехь къевлинчу неIаршкахь дIадаьхьира цуьнан довхаттар. Шена дохку бехкаш тIе ца дитира журналисто. 2006-чу шарахь набахтехь елира иза, къастазчу бахьанашца. Цуьнан дегIа тIехь дуккха а чевнаш хиллера, гергарчара бахарехь. Туркменин Iедалхоша шаьш бехке дац элира Мурадова яларна.
Политикан бух болуш лерира бакъонашларъярхоша цунна дуьхьал Iедалхоша айдина гIуллакх.
Кху беттан 3-чу дийнахь ООН-н адамийн бакъонашкахула йолчу комитето Туркмени бехке ю аьлла, тIечIагIдира, Мурадована тIехь къизаллаш а лелийна, иза ерна.
