Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Август
2018

"Ловзаран кепаш хийца еза"

0
Алена Садовская



 


Экономист Зубаревич Наталья: дотацеш тIера йосса еза Къилбаседа Кавказ


Керла "бюджетан кеп" ю Оьрсийчоьнан финансийн урхаллаша юкъайоккхуш, элира деношкахь "Дождь" ("ДогIа") телеканалехь евзаш йолчу экономисто, географо, регионийн экономика кхиорехула эксперт йолчу Зубаревич Натальяс.


"Финансийн министралло леррина зераш дина, цара бахарехь, 60 сов регионо ахча тIех сов дойу, цара ахча мелла а кIезиг дайа деза", - элира Зубаревича.


"Оьрсийчоьнан къоьлле хьаьжча, бухгалтер санна лелачу финансийн министралло регионашна гатйина шайн йолчу финансашца ян тарлуш йолу мадар", - тIетуьйхира экономисто.


Маршо Радионо дийхира Зубаревиче ша телеканалехула дийцинарг Кавказан регионашца дозар а, цара экономика тоярехьа бан тору некъаш хьахор а.



"Ас юьйцу "моделан бюджет" кхайкхийна ю, амма иза юкъаяккха сиха яц цхьайолу регионаш. Шарахь бюджетца мехкаш муха ларабо а хьаьжна, шо доьрзуш талла мегар ду. Хьехамаш кечбина, дIасахьовсийна, бакъду, и керла кеп муха лело еза-м дац кхеташ", - боху Зубаревича.



Къилбаседа Кавказе цкъачунна кхочур яц "моделан бюджет", элира цо.


"Кавказера дукхахйолу регионаш ца язйина оцу 60 сов йолчу, финансийн министралло тIех дукха харжаш еш лоручу регионийн мог1ара. Бакъду, трансфераш хьежайо цига, амма Нохчийчоьнна санна, сов ахчанаш дац царна кхачош. Ткъа Нохчийчоь а яц хьайийр цхьаммо а", - аьлла хета экономистна.



"Кавказан регионаш ян а ю тIех яккхий дотацеш худучех, цхьайолучарна ахча кредит санна ло, масала, ГIебарта-Балкхаройчоьнна, цунначул кIезиго - Къилбаседа ХIирийчоьнна. Шайна лучу ахчанах ма-оьшшу пайда ца бо цара а. Цундела церан шайн экономика йоцу хьесап ду, ца гулъяло цаьрга ял а. Цигахь чохь са мел долу экономикан дакъалг ду къайлах ахча доккхуш, - дуьйцу Зубаревича.


"Эконимика ян-м ю, ял ца ло-кх цо Iедална. Меттигерчу бюджеташа са тIе ца кхиайо, цундела мехкаш дотацеш юууш беха. Кхеташ ду, ца делча ца долу ахча дешаран а, могашаллин а хьукматашна, царна и ахча транферашца ло", - боху цо.



Цунна гарехь, ситуаци аттачу яккха, ахча кхиийта лаахь, хьоьгучу къино луш болу пайда къайлах а ца лелош, "хийца еза ловзаран кеп". Ткъа и кеп хийцалур ю нагахь санна "цIена бахар нахана пайде дуйла" гойту экономика кхоллахь. Амма цкъачунна тIехуьлу ахча гойту кеп тIеэца  пайде дац фирмашна, совдегаршна – таханлерачу хьелашкахь  ял елла ца Iаш, кхаьънаш а бала дезар ду даима а санна. Хийца еза, тоян еза институташ, - дуьйцу Зубаревича.



Стенга доьду ахча



Оьрсийчоьнан финансийн министралло стохка гурахь дуьйна шен сайта тIехь латточу документо гойту дотацеш хьан мел оьцу. 85 регионех 12 бен яц дотацеш ца оьцуш: Москох, Петарбух, оцу шина шахьаран мехкаш, ГIезалойчоь, Самарин, Свердловскан, Тюменан, Сахалинскан, Ненцийн, Ямал-Ненцийн, Ханты-Мансийн мехкаш.


73 регионо эцна кхушара Оьрсийчоьнан бюджетера ахчанаш – 645,1 млрд сом. Массарначул дукха дотаци кхаьчна Дагестанна – 59 млрд сом. Цул т1аьхьа ю Якути – 43,9 млрд сом. ПхьоьалгIачу меттехь ю Нохчийчоь – 27 млрд сом. Финансийн министралло дотацешна лучу ахчанах нийсса ах кхаьчна еккъа кху ялх регионна: Якутина, ГIирмина, Башкортостанна, Тывана, Курганан а, Брянскан а мехкашна.


Кавказах шех аьлча, Ставропол махканна кхушара елла дотаци ю 19,2 млрд, ГIебарта-Балкхаройчоьнна - 11,1 млрд сом, ГIалгIайчоьнна - 9,2 млрд, Кхарачой-Чергазийчоьнна – 9,1 млрд, Къилбаседа ХIирийчоьнна – 9 млрд, Адыгейна – 3,8 млрд.




 






Губернаторы России





Губернаторы России
103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России