ХьаьжцIа вахархьама шена тIера алименташ дIаделла дагестанхочо
![ХьаьжцIа вахархьама шена тIера алименташ дIаделла дагестанхочо](https://gdb.rferl.org/D6E78044-34A6-46DA-9E88-7C633ED09D61_w800_h450.jpg)
ХьажцIа ваха шен аьто хилийтархьама ХIинжа-ГIаларчу вахархчо дIатекхна шена тIера алиментийн декхар. Масех шо а хилла шен шина йоIана-кхиазхошна ахча цо ца луш, цунах декхар хьаьрчина.
"2016-чу шарахь дуьйна тIеэгийна хиллера цунна алименташ, юхьанца шен-шен заманчохь дIа а луш, эххар а цунна тIехь дисинера 132 эзар сом", - дийцина "Кавказ.Реалии портале Дагестанерчу кхелан пурстоьпийн урхаллехь.
Мекка йоьдучу тобанца зиярте ваха новкъаваьллачу цунна дихкинера, тIера декхар дIа ца делча, пачхьалкхера аравалар. Цу дийннахь шена тIера декхар дIа а даьккхина, шолгIачу тобанца новкъавала лерина ву иза.