Евкуров кхеле вало гIерташ бу Хазбиевн адвокаташ
"Медиазона" зорбанан гIирсо зорбане даьхна гIалгIайн куьйгалхочо дина цхьадолу тоьшаллаш. Цигахь Евкуровс чIагIдо Хазбиевн видеороликаша шен сий а, ларам а бойуш хилар. Масал санна даладо цо Хазбиевс шех "дебилбек" а, "уркабек" а, "халкъан мостагI" а, "Делан мостагI" а, иштта дIа кхин а аьлла хилар.
Хазбиев лецира ГIалгIайчохь кхушара Дечкен-баттахь, кхо шо Нохчийчохь а даьккхина, цIавирзинчул тIаьхьа. Цо бехк шена тIе ца лоцу. Бехктакхаман гIуллакх шена дуьхьал долоран бахьана хета Хазбиевна, ша дIахьош болу юкъараллан-политикан болх.
