Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Август
2018

Адыгей Республика йохош ю?

0
Тамов Анзор








Краснодар мехкан дозанашна чу а оьзна, Адыгей Республика йохош ю аьлла хета чергазийн жигархошна


Краснодар-мехкан а, Адыгейн а юкъахь хир экономика – иштта бу шина регионан куьйгалхоша, Кондратьев Вениаминан а, Кумпилов Муратан а хилла барт. Агламерацин декъахь хир ю Краснодар а, цунна гена йоццуш лаьтта Адыгейра Тахтамукайн, Теучежан кIошташ, Адыгейск-гIала, иштта Краснодар-махкара станица (юьрт) Красноармейский, Северский, Динский къошташ а. Юкъарчу экономиках жоп луш йолу центр къастош ю кху муьрехь Краснодар.


Юкъара зона кхиош, болх боло дагахь ду Iедал Псыж (Кубань – оьрсийн маттахь) хинна тIай а тиллина, кIошташ цхьаьнайозарца. Краснодарерчу хьаькамаша бахарехь, тIай тилларх долу кехаташ кийчча ду, проект хIинцале а ю "Оьрсийчоь кхиоран Iалашонашкахь".


Чергазийн жигархошлахь а, Адыгейн цхьаболчу бахархлошлахь а къамел лела, юкъахь экономика кхиор хабаре а диллина, шина махках цхьа мохк – Краснодаран - бархьама лелош кийтарло ю иза. 2006-чу шарахь Адыгей Краснодарах дIатоха болийна некъ хадийра  чергазаша – сихха вовшахкхетта дIахIоьттинчу адыгийн къоман гуламо дихкира Iедална ши мохк цхьаьнатоха.


Доккхачу декъанна оьрсех лаьттачу Краснодар-махкахь Адыгейчохьчул I2-зза дукха бу бахархой. Ур-атталла ша Адыгейхь а бац адыгаш (чергазий) доьалгIа дакъа бен. Цундела адыгаш, шаьш кIезиг хиларе терра, богу шайна хила тарлучух – Адыгейн статус йожарх а, шайгара мохк дIабаккхарх а.


Майкоперчу жигархочо Богус Адама Адыгейн Республика юридикан-административан маьIнехь баккъал а йожа там бу, боху.


" Iедало дерриг а до Адыгей Республика ца кхиийта. Леррина сецайо цуьнан экономика, синбахамалла, кхидолу хьелаш, хьала ца йолуьйтуш, пана-мехкашкахь беха адыгаш даймахка баха схьа ца бохкуьйтуш", - элира Богуса "Кавказ.Реалиига".


Цунна хетарехь, Адыгей "охьатаIош" йолу политика кIоргга хIилла шеца долуш ю, дIахьо массо а тIегIанашкахь, Iедалан чоьнашкахь, цхьацца юкъарлонаш а кхуллуш, церан жигараллица.


"Иштта бечу балхаца цхьаьна информаци яржайо, регионаш цхьаьна ца тоьхча гIуллакх хир дац, дотацеш тIехь дисинчу дахарх дахар хир дац, олий. Гарехь, ца дитина Iедало Краснодар-махке Адыгей "дIакхаллийта" гIертар. ХIинца хаьржинарг гуттар а мекара некъ бу, " – боху чергазийн жигархочо Богус Адама.


Адыгейрчу кхечу жигархочо Негуч Шасмуддина шена ца го долийначуьнца цхьа а керла хIума элира: "Республика ишта а ю "империн долахь", Краснодар-мехкан дозанашна юккъехь, ишта а, вуьшта а ма яций тхан тхешан пачхьалкх".


" Буха йиллина цхьа политика йоцуш хиллане а ца хуьлу экономика", - аьлла хета кхечу жигархочунна – Таш Борисна. "Цкъачунна экономика а юьйцуш, тхан мохк Краснодарах дIатоха болийна рогIера, керла некъ бу хIара. Оха, чергазаша, мохь тоьхнна дIахаийта деза Iедална, тхаьш Краснодарах дIакхета лууш доцийла, хуьлда иза экономикан некъ, я политикехула" – элира цо.


Краснодарехь болх-некъ а, дахар а карийначу адвокатна Абрек Хабахуна (иза а ву чергази) кхечу кепара го проблема, аьлча а, ганне а ца го. Оьрсийчоьнан Конституцица а догIуш, цхьана пачхьалкхехь бехачу нахана, мехкашна юкъара ю экономика, оцу экономикан зIенаршкара Адыгейн яц яьлла яха меттиг, аьлла хета цунна.


Адвокат из Краснодара, уроженец черкесского аула Хабаху Абрек, отмечает в разговоре с нами, что, согласно Конституции РФ, на территории страны обеспечивается единство экономического пространства, а республика Адыгея является частью этого экономического пространства.


"И аглемараци йолуш а, кхуьуш а ма юй, хьо дикка хьаьжча. Экономика юкъара хилча, кестта дозанаш а цхьаъ хир ду аьлла хета суна, - элира Абрека.


Цунна гарехь, Псыж хинна тIай тилларца, ши мохк гергабалорца уггаре хьалха хиндерг ду адыгийн бердаш тIерачу Тлюстенхабль а, Козет а ярташна юкъахь цкъачунна деса лаьтта латта, дежийлаш, Краснодарерчу совдегарша эца долор. "Шортта керла гIишлош, хIусамаш йийр ю – церан дай хир бу Адыгейн "керла бахархой". Демографи оьрсашкахьа йоьрзур ю, тIаккха референдум йийр ю (толам оьшшучу хьесапехь хилийта къахьега а ца оьшу пачхьалкхна), тIаккха политикан сацамаш ара а хецна, Краснодарна чуузур ю республика", – элира юристо.






Губернаторы России





Губернаторы России
103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России