Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Август
2018

Стаг муха "кагво" набахтехь

0
Муртазалиева Зара



 







Бакъоларъярхоша орца доху: Омскерчу набахтехь гIелойо нохчочунна


Омскерчу колонехь хьийзош ву Бисултанов Малхо, хаам баржийна Оьрсийчуьрчу журналисто, бакъоларъярхочо, "Чохь йоллу Оьрсийчоь" юкъараллан куьйгалхочо Романова Ольгас.


"Чохь йоллучу Оьрсийчоьнан" адвокато Гончарова Верас ша "Кавказ.Реалиица" динчу къамелехь бахарехь, юхьанца Омскерчу ИК-7 набахтехь етташ кхаьбна Бисултанов. Дехьаваьккхина циггарчу ИК-6 набахте, амма тоьлла хьал дац цуьнан цигахь а. Адвокато ша арздинера оцу хьокъехь, ткъа дитина бехктакхам ца айбеш, ша кхидIа а къийсалур ю, боху.


"Малхо КПТехь (тутмакх, шавоккхий, таIзардеш чувуллу чоь) вара тахханалц, хIинца иза СУС-е дехьаваьккхина  (луьрачу хьелашкахь кхобу чоь). Могашалла дика а яц цуьнан. Кеста дарбан цIийне вуьллур ву иза, аьлла соьга.  Юха а гIур ю со и волчу набахте, луьстур ду-кх цигара хьал", - элира Гончаровас.


Хилларг-лелларг


Бисултанов Сайдрамзанан воI Малхо вина 1971-чу шарахь. Деа беран да, бизнесхо, "Ваша Газета" ("Шун Газет") цIе йолчу газетан штатехь воцу корреспондент, коррупцина духьалоечу юкъараллан декъашхо. 2005-чу шарахь Украинехь ваха бакъо елла цунна Киево, цигахь Мелитополь гIалахь ваьхна 2011-гIа шо тIекхаччалц.




2011-чу шеран гурахь социалан "Одноклассники" машанехула цхьана стага – телефонехула "Шереметьев Александр" ву ша олий деш хилла цо Малхоца къамелаш – кхайкхина иза "Мосфильмехь" йоккхучу филмехь васт хIотто.  Украинера Москох а кхаьчна, "Мосфильме" а вахана, "Шереметьевга" телефон а тоьхна, иза неIарх чуволлушехь, тIекхетта цунна туьтмIаьжигаш йоьхна нах, цара лаьцна вигина Москох Раменки декъан полице. Полисхоша дIакхайкхийна цуьнга, "Тимиргираевна дуьхьал айдинчу бехктакхаман девнца доьзна лаьцна хьо", аьлла.


Иштта кхаьчийна кхеле Бисултановна вевзаш а воцчу "Темергираевн" бехка юкъа а озийна. Раменкерчу полицина кхуьнца наркотикаш а"карийна".


Полицино шеца лелийнарг харцо ю, аьлла, Бисултанов Малхос чуделла арз терго а йоцуш дитина Талламан комитето, леткъа адвокат Гончарова.


"Темиргираевн а, Мандараевн а" цIе йолчу бехктакхаман девнах кIезиг ду адвокаташна хууш. Дийцарехь, иштта цIераш йолу ши стаг хилла нахера ницкъаша ахча дахарна бехкевеш. Бисултановна цкъа-шозза гина вовзаш хиллачух тера ду Тимиргираев. Ткъа и вовзар бехктакхаме кхаччол хIума дацарна, полисхоша шаьш долчу вигича наркотик бухакхоьссина Малхона, аьлла хета адвокатна.


ТаIзарш а, дахарх дIатаса гIортар а


Набахте дIакхаччалц, изоляторехь волуш, ницкъ ца бора Бисултанов Малхона, доладелира дерриг а иза 2015-чу шарахь ИК-7 набахте кхачийча. Оцу набахтехь цунна а, кхечу тутмакхашна а тIехь латточу гIелонех лаьцна "Новая газетано" ("Керла Газета") дийцира шен "Ломка.Омск" артиклехь.


"Чохь йоллу Оьрсийчоь" юкъараллан адвокате Гончарова Ольгига дахьийтинчу кехата тIехь Бисултановс боху: "…коьртах боьлллинчу тоьрмигна тIоьхула лергаш долу куй тиллира, скотчца тIечIагIбира, логах а хьарчийра скотч. ТIаккха когийн маза-пIелгех тоькан серий тийсира, тIаккха суна хи тIедоьттира, серий Iовратах а тийсира, ток етта йолийра. Со тиларчу ваха воьлча, тIе хи детта буьйлалора , бетах еттара суна. Юха сан мара дIакъевлира, багахула садеIийта, гIайбин лоччарца, молуьйтуш, хи лешадора суна бага. …Когаш тIе хи а доьттина, коган айрех етта йолийра, шолгIачу дийнахь сан когаш, бистина, бIогIамаш санна бара, когакIелош йистина, сийна-Iаьржа яра".


Ши бутт хьалха Бисултанов Малхос, шен лаамехь дахарх къаста дагахь кехат яздира набахтин коьртачу хьаькаме: "Доьху Хьоьга 18.06.2018 дуьйна со юуучух дIахадор. Сан дехар дац набахтехь ас токхучу таIзарца доьзна, амма дозу суна сайн оьмар айсса хадо лаарца".






Губернаторы России





Губернаторы России
103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России