Оьрсийчуьрчу "ВКонтакте" машано хаамаш дIабелла полисхошка
Оппозиционеро Волков Леонида арахецна Башкортостанерчу полицино "ВКонтакте" машанах пайда оьцучу кхаа стагах а, Навальный Алексейн Уфахь болчу агIончашца йоьзначу шина тобанах а лаьцна информаци йоьхуш дахьийтинчу кехатийн даьхна сурташ.
Полицина хаа лууш хилла и агIонаш маца кхоьллина а, уьш кхоьллинчу нехан телефонийн номерш а,e-mail-ш а, IP-адресаш а.
Кху шарахь Дечкен-баттахь дахьийтинчу цу хаттаршна "ВКонтакте"-ра жоьпаш кхаьчна полисхошка, ши де а далале.
