Министро Умаровс емалбина махкал арахьа беха "оппозицин векалш"
Цунахлаьцна ххам бу Умаровс куьйгалла дечу министраллан инстагрмарчу агIона тIехь.
Умаровс емалбина интернетехь (рунетехь) "нохчийн халкъ тIаме а, барт бохоре а кхуьйкхуш болу цхьаболу нах". "Мича кхача гIерта и нах, хIунда бу уьш кийча оццул атта "шайн" халкъан херамазалла дIаяла кийча", - бохуш эргIадвуьйлу министр.
"…Тешна дуй шу, халкъана, Iасанаш Iуьттуш кеманаш чудаийта гIиртинчу сепаратисташа аьллачунна тIаьхьа а хIоттина, цхьана хенахь ша дина ирча гIалат юха а дан лаьа бохучух? -хоьтту министро цIершца буьйцуш боцчу нахе.
