Юха а Темерхановх шена хетарг аьлла Кадыровс
"Темерхановс таллам дIабоьдуш а, суьдехь а, адвокаташца къамелаш деш а, гергарчаьрца, шайна юкъахь нана а, ваша а волуш, цхьаьнакхетча а цкъа а ца аьлла ша Буданов валарх хьакхавелла хиларх лаьцна",- аьаьла Кадыровс, яздо "Интерфаксо".
"Цо (Будановс) шена тIе цкъа а цIанлур воцу эхь даийтина, лачкъа а йина, хьийза а йина, дешархо Кунгаева Эльза вуно къиза ерна. Амма Темерхановх, Кунгаеван чIир эцначу стагах санна, турпалхо ван гIертар бух боцуш ду", - боху Кадыровс.
Темерхановсх турпалхо ван гIертарна дуьхьал къамел дира Нохчийчоьнан куьйгалхочо кху беттан 14-чу дийнахь Соьлж-ГIаларчу телеканалан эфирехь.
