Соьлж-ГIала хесторна бехк цабиллар дехна «Ридус» журналисто
«Ридус» зорбанан гIирсан журналист а, блогер а волчу Ронкаинен Михаила кху беттан 17-чохь арахецнера 19 минот йохалла йолу видеоролик.
Цу тIехь иза тешо гIоьртинера хьажархой Нохчийчоьнан коьрта гIала герз дуьйлуш а, лелхийтарш деш а, адамаш дойуш а йолу меттиг ю бохург харц хиларх, иза хаза а, аьхна а, кхузаманахьлера мекаполис а санна а гайтина.
Цуьнга хьажначу наха оьгIазе комментарех юьзна цуьнан агIо. Цара бехке вина журналист Iедалшна dохкаваларна, яздо lenizdat.ru сайто. Царна жоп луш, Ронкаинена леррина видео арахецна, шен ешархошка бехк ца биллар доьхуш.