Iамерко Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш болхбан юьйлаелла
Цул совнах, санкцеша дIалакъор ду герз а, муьлхха а тIеман гIирс бохкар а. Делахь а, "къоман кхерамзаллан интересашкахь" космосан сферехь юкъаметтигаш латторехь дозанаш деттар дац.
Гергарчу масех беттанашкахь, нагахь Москоха шаьш химин, биологин герз лелор дац аьлла, юкъархилар ца дахь, кхин а цхьа пакет санкцеш дуьхьалйохур ю Iамерко Оьрсийчоьнна.
Доккхачу декъанна, санкцеш хьакхалур ю "Аэрофлот" компанин кеманаш Iамерке леларх а, шина пачхьалкхо лелочу йохка-эцарх а.
